Loe raamatut: «Маршо йа Iожалла. Нохчийн Республика Ичкерин истори. I-ра том»
Переводчик Янина Дикаева
Переводчик ИсмаIал Акаев
Редактор ИсмаIал Акаев
Иллюстратор Изнаур Акаев
Фотограф Элеонора Бенедетти
© Бенедетти Франческо, 2022
© ИсмаIал Акаев, 2022
© Янина Дикаева, перевод, 2022
© ИсмаIал Акаев, перевод, 2022
© Элеонора Бенедетти, фотографии, 2022
ISBN 978-5-0056-7234-6 (т. 1)
ISBN 978-5-0056-7235-3
Создано в интеллектуальной издательской системе Ridero
Маршо йа Iожалла
БЕНЕДЕТТИ ФРАНЧЕСКО
АКАЕВ ИСМАIАЛ
Нохчийн Республика Ичкерин истори
I ТОМ
Революцера Нохчийн Хьалхарчу тIаме кхаччалц
1991—1994
Нохчийн матте гочйина Акаев ИсмаIалс, Дикаева Янинас.
Библиографи а, кхин болу хаамаш а бовза аьтто бу www.ichkeria.net сайта тIехь
ЗIе: libertaomortechri@gmail.com
ДIадолор
Нохчийн Республика Ичкерин историх лаьцна книга йазйан сан ойла кхоллайелира 2018-чу шеран бIаьста. ХIетахь цу гIуллакхо йерриге а ойла дIалаьцна хилла волу со кхийтира жимачу къоман историн и мехала агIо ма-йарра теллина ца хиларах.
Шеко йоцуш Нохчийчоьнах лаьцна книгаш шортта йолуш йу. Уьш итальянски маттахь а каро аьтто бу. Цу книгашкахь дуьйцу тероризм кхоллайаларах а, гуманитарни бохамех а, тIеман тактикех а лаьцна. Амма суна хаьа лууш дерг дара Нохчийн Республикин пачхьалкхаллин бух муха хилла. Цуьнан хьаьрмахь маьрша пачхьалкха кхуллуш иза Россех къастийначу социальни-политически цхьаьна а процессан бина нийса исторически таллам ца карийра суна.
Уггаре а чIогIа суна хаьа лууш дерг дара Нохчийчоьнан пачхьалкхаллин дIахIоттаман хийцамех а, цу хийцамашкахь дакъа лаьцначарех а. Амма хIете а билгалдаккха деза, и чулацам болу литература ингалс а, оьрсийн а меттанашкахь йолуш йу, цунах новкъарло йоцуш шуьйра пайда эца йиш йу интернет-майданашкахь. Цундела суна лиира и берриге а гIирс цхьаьна исторически говзарехь гулба а, оцу кепара къизачу шина тIаме йирзинчу нохчийн революцица доьзна хIинца а къастонза долчу хаттаршна жоьпаш дала а.
Цу тIехь беттанашца къа хьоьгуш со кхийтира хIинцалц цхьаммо а хIара болх болийна хIунда ца хилла. Массо а кехаташ оьрсийн маттахь хиларал совнаха, дукхох дерш шина тIамехь хIаллак а хилла, ткъа цхьадерш Россин къайлахь архивашкахь дIалачкъийна. Билгалдаккха деза, Советан Iедал дIахIуттучу муьрехь – ткъе уьттолгIачу а, шовзткъалгIачу а шерашкахь Советан Iедала инзаре дукха нохчийн Iилманчаш, Iеламнах махкаха баьхнера. Уьш Сибрехан набахтешкара кхин йуха ца бирзина, ткъа халкълахь уггаре а чIогIа лоруш хиллачарна Соьлжа-ГIалахь таIзарш дина, церан декъий Соьлжа хи йистера хьайрахь охьуш хилла. Цхьа берш-м цу къизачу хьайранан бага дийна боллушшехь а кхочуш хилла…
Ша нохчийн лаьтта дуьххьара ког баьккхинчу дийнахь дуьйна Россис шен ницкъ мел кхочург дина нохчийн къоман истори хIаллакйан.
Iилманчашкахь дукха хьолахь публицистически гIирс бу, ткъа иза леррина талла безаш бу.
Цундела хIара болх беш со тIеIоттавелла уггаре а йоккха хало йоьзна йара сайна карийна хаамаш талларца, уьш ширачу историца бустарца. И бахьана долуш, ас www.ichkeria.net сайт кхоьллира. Цу сайта тIехь со дукха хьолахь къасто а, талла а гIерта хIинца а жоьпаш каронза долу хаттарш.
ХIара книга хьалхара том йу кхи дIа маьрша Нохчийчоьнан исторех лаьцна хин йолчу книгаш йукъара. 2020-чу шеран чилланан баттахь зорба тоьхначу книгин нийса кеп йу хIара, амма хIара йешархочунна атта хир йолчу агIор зорбане йаьккхина йу, цул совнаха сайта тIехь болчу хаамех пайда а оьцуш, кху книгана кхачо йийр йу цхьацца чулацаме хаамашца а, хиламашца а.
Бенедетти Франческо
Бенедетти Франческо
Авторан дош
Кху книга йукъахь Нохчийн Республика Ичкерих лаьцна журналистийн а, историкийн а тидам тIебоьрзур болу шортта хаамаш бу. Кху белхан коьрта Iалашо йу исторически бакъдерг лардеш, политически озабезам боцуш хилларг йукъараллина довзийтар. Кху книгас ца довзуьйту билггал цхьаьна вовшахкхетарийн хьашташ, йа конституцин а, террористически вовшахкхетаршна а пропаганда а ца йо. ХIара книга йазъйеш сан Iалашо ца хилла нийсонца ца догIуш дерг йа, муьлхха а пачхьалкхан законаш дохош дерг хестор а, айдар а.
Ас йемал до муьлхха а дов йа къаьмнашна йукъара дар-дацар тIамца, ницкъаца, герзаца къасторан. Ас йемал до политически а, а динан а, иштта экстремизман муьлхха а кепан.
Бенедетти Франческо
Акаев ИсмаIал
Дешхьалхе
Тешо йолуш ала мегар ду тIаьхьарчу ткъе итта шарна йукъара хиламаша даг тIехь чов ца йеш ца витина цхьа а нохчо. 1944-чу шарахь махках дахаран лазам хIинца а кийрахь Iийжачу къомана рогIера къиза киртиг тIеIоттайелира.
ТкъолгIачу бIешарехь инзаре чолхе хиламаша дуьзна дара нохчийн къоман дахар. Церан ирча лар схьайогIура 17—19 бIешерашкара дуьйна. Иза ларамза а дац, Росси пачхьалкхица уьйр мел лаьтта. ТIаьхьарчу ткъе итта шарех дерг аьлча, къаьсттина Нохчийчоьхь хиллачу шина тIамах дерг, и хилам башха тергал ца бира йа Россин пачхьалкхахь а, йа дерриге а дуьненахь а.
Дуьненахь уггаре а ницкъ болчу Россин эскарна дуьхьал тийссадала ша диссира нохчийн жима къам. Нохчийчохь цIий Iанар бахьана долуш, хIаллак хилира бIе эзарнаш маьрша адамаш, ткъа дийна биссинарш пана махкашкахь дIасабаьржира.
Дукха хан йоцуш, интернет сурсаташкахь со ларамза тIеIоттавелира Бенедетти Франческос йеллачу интервьюна. Журналистаца дечу къамелехь цо дуьйцура нохчийн къоман историх лаьцна ша йазйиначу книгах лаьцна. Цуьнан къамелан кIоргIечу чулацама, нохчийн къоман баланех лаьцна цуьнан дог дуьзна болчу лазамо со а, сан кхетам а бакъ долуш Iадийнера. Мацах шираллехь йухаметтахIотторан муьрехь Европана культуран серло гайтиначу генарчу Италин Флоренци гIалахь веха жима стаг дуьненан бIаьргаш делла гIертара, жимачу къомо лайначу балина, цуьнан тидам тIеберзош. Цуьнан къамелах бIаьрг буьзначу сан ойла кхоллайеллира цо бина болх кIоргера талла. Итальянски мотт сайна ца хуушшехь, сан аьтто белира и книга йеша а, цул совнаха оьрсийн матте гочйан а, хIинцалц нохчийн баланашна къора а, бIаьрзе а хилла юкъаралла, интеллигенци, журналисташ, историкаш самабаха Iалашонца. Айса тIелаьцнарг хала а, атта кхочуш а дина ас, цул совнаха авторан пурбанца цхьацца хийцамаш а бина. Со тешна ву, йешархочунна атта а, кхетар а волчу а, маттахь йазйина хIара книга историкашна хилла ца Iаш, муьлха а стагана пайдехь хир йу аьлла. ХIара хьалхара гIулч бен йац нохчийн тIамах лаьцна Бенедетти Франческос йухьаралаьцначу некъан. Со тешна а ву кху книгас эзарнаш йешархойн кхетамехь боккха а, чулацаме а некъ беш, дуьненна бицбелла нохчийн балане церан болу хьежамаш хуьйцуш, кху заманан литературни а, исторически а майданехь йоккха меттиг дIалоцур хиларах.
Акаев ИсмаIал – журналист, йаздархо, Лондонера Евразийски кхоллараллин гильдин декъашхо.
I КОРТА
Нохчо
«Нохчо хила хала ду. Иза хьан синан шатайпа хьал ду. Нохчо даима а къиссамехь ву. Амма цо цкъа а йа тIом а, йа къиссам а ца латтийна шен лулахошца. Исторехь цкъа а хилла дац нохчийн къомо цкъа мукъне а шайн лулахошна тIелатар дина аьлла, амма нохчийн даима а дезна шайн Даймохк, шайн культура, шайн Iадаташ, шайн дин бахьнехь къиссам латто. Нохчо даима а шен кхолламан лехамашкахь ву. Иза цкъа а ца веха шена. Цуьнан дахаран маьIна – цуьнан тIаьхье йу. Муьлхха а нохчочунна сийлахь декхара хетта шен берашна цIенош дар, церан дахар дIанисдар а, йаьхь йолу тIаьхье кхиор а.
Нохчо дика доттагIа а ву, амма иштта вуно кхераме мостагIа а ву. Иза атта ца теша. Цо ца белхабо шен эшамаш, мелхо а царех воьлу иза. Нохчочо шен зудчун цIе ца йоккху, нахана хьалха цкъа а шен бер а ца хьосту. Шен дена-нанна хьалха а хьостур дац нохчочо цкъа а шен бер.
Нохчочунна ша веха хIусам даима а хетта йухур йоцу гIап, цундела цо шен цIенна йисте леккха керт хIоттайо. Нохчаша даима лерина терго йо шайн ков-кертан, шайн хIусамехь долчу хьолан, даккхий хилла аренца лелачу шайн берийн цIа дерза лаам хилийта.
«Хала ду нохчо хила» Чеснов Ян.
Хьост
Мацах дуьйна нохчийн Даймохк Кавказ хилла – Iаьржа а, Таркхойн а шина хIордана юккъахь Iуьллу и исбаьхьа латта. Иза декъалуш ду шина ламанан даккъашца: мелла а лекханиг Къилбаседа агIор долу дукъ ду, цунах Сийлахь Кавказ олу, мелла а лоханиг Къилбера Жима Кавказ олуш дерг ду.
Цу лаьмнийн даккъашкахула чекхвала хала ду. Ламанан басешца йуьткъа тогIеш йу, ткъа цу тогIешкахь охьаоьхуш ду эзар шерийн йохаллера дуьйна шайн некъ баьккхина хилла ламанан татолш.
Къилбехь, Жимачу Кавказана дехьа, Эрмалойн акъари йу – хьекъаш доцучу баьрзнийн и йоккха шорте, ткъа Къилбаседахь, Сийлахь Кавказан когашкахь Iуьллу тайп-тайпанчу къаьмнех йуьзна, йист йоцу шера аре.
Цкъа а ца дешачу лайша хьулдинчу цу ламанийн даккъаша луьстачу хьаннашна тIе кIайн хIоз буьллуш санна сурт хIоттадо. БIаьрг тохийша цу Шат Ломе, цуьнан сийлалле, цуьнан лекхалле. Толкиенан кхоллараллина хьакъ долчу хьолах эцийша марзо.
Ларамза дац, къаьсттина кхузахь кхолладелла хилар Пхьарматах а, Нох Пайхамарах а (Дела реза хуьлда цунна) лаьцна аларш, дийцарш.
Дуьненан йуккъе, Европа а, Ази а, Малхбале а цхьаьнакхеташ йолу шатайпа меттигехь Кавказехь даима гола тухуш хилла дуьненан историн сийлахь йаккхийчу цивилизациша.
Кавказана тIехь олалла дан бакъо къийссина ширачу цивилизациша, царех хIораммо цу исбаьхьа лаьттахь шен лар а йитина – динахь, архитектурехь, топонимикехь.
Дуьненан маьI-маьIIера схьаоьхучу мостагIаша деш долу тIелатарш бахьана долуш, Кавказан къаьмнаш доьлла хилла дуьнен чохь даха даима шайн бакъо къийсса йезаш хиларца.
Цу халачу хьолехь даха Iамарал совнаха, уьш Iеминера доьналлица мостагIашна дуьхьало йан а.
Шайн паргIато а, Даймехкан маршо а бахьанехь даима латто безаш хиллачу къийссамо цхьа шатайпа чIогIа тIера хилийтина уьш Даймахкана, шаьш схьадевллачу меттигашна. Билгал Францойн махкал хир йолчу цу хьаьрмахь маьрша а, бертахь а деха ткъа къам а, ткъаессана мотт а, вуьрхIитта пачхьалкха а, кхоъ дин а.
Цу къаьмнийн къорзачу куза юкъахь Нохчийчоьно дIалоцуш йу вуьрхIитта эзар квадратни чаккхарма. Оццул хила тарло Галлес а. Нохчийчоь иза бIе кхузткъа чаккхарма йохалла а, бIе чаккхарма шуьйралла а йолу нийсасаберг йу. Нохчийчоьно милла а цецвоккхур ву шен Iаламан шатайпаллица.
Къилбаседара Къилбе кхаччалц некъ беш, вайн бIаьргашна йелалло йист йоцу шуьйра аре, ткъа йуха и буц-аре хийцало аьхначу аренашна, цигара гучуйовлу Теркан – нохчийн уггаре а доккхачу ахканан хин йистош. Терк Нохчийчухула тIехдолу Малхбузера Малхбале кхаччалц, ткъа цул тIаьхьа иза Таркхойн (Каспийское) хIордах дIакхета.
Теркана тIехдевлча, вай кхочу аллювиальни аренашка, цигара Теркан дукъ олучу баьрзнаш тIехьара йолалло кхин цхьа шуьйра тогIе. Цунна тIехдолу Соьлжа цIе йолу нохчийн кхин цхьа ахка. Иза Теркал дуккха а жима ду, амма нохчашна чIогIа мехала а, деза а хеташ ду.
Соьлжа йерриге а Нохчийчухула тIехдолу малхбузера малхбале кхаччалц, эзар шерийн йохаллехь Нохчийн аре кхоьллинчу, сиз хьаькхча санна богIучу некъаца. Кхузахь йу республикера уггаре а йаьккхий йарташ, иштта Нохчийчоьнан коьрта шахьар Соьлжа-ГIала а.
Соьлжа-ГIала нийсса республикин йуккъехь йу. Цигахь веха кхо бIе эзар сов стаг. Аренан къилбехьара дIа чIожашна тIехдовлу ламанан гIовгIане Iовраш. Цигара нийсса ирхнехьа хьаладевлча, вай кхочу Нохчийчоьнан Къилбе – луьстачу хьаннийн цу буьрсачу махка. Цигахь ду Кавказан лаьмнаш а, Нохчийчоьнан уггаре а коьрта Тебулос-Мта (Дакох Корта) лам а. Цуьнан лекхалла йу 4493 метр.
Нохчийн къоман истори дIайолало 6000 гергга шо хьалха, хIетахь церан дай Месопатамера кхуза схьабаьхкинчу хенахь дуьйна. Цхьа мотт буьйцучу шортта тукхамех лаьтташ хилла и къам. Царех олуш хилла Нах. Цу дашца кхоллайелла йу цу къоман цIе – НАХИ, НОХЧИ – Нохан къам.
Ткъа йуха, Советан Iедалан муьрехь керла дош кхолладелла – Вайнах – нохчашна гергара къаьмнаш гIалгIай а, бацой а билгалдеш долу.
Нохчий хIетахь Iеса ца хилла. Цара коьрта Iамал йеш хиллачух Дела олуш хилла – дерриге а дуьне кхоьллинарг. АллахIах хIинца а олу нохчаша Дела.
Вайнехан пантеон кхин долчу Iеса къаьмнийн пантеонах тера хилла. Масала, желтойн мифологера Прометейх нохчаша Пхьармат олуш хилла. Иштта церан мифологехь хилла инзаре даккхий адамаш – Нарташ. Ламанца баха хевшича, нохчийн тукхамаш гергара тейпанашна, гаранашна декъаделла, шаьш бехачу меттигийн йа, шаьш схьадевллачу дайн цIерш а оьцуш. Царех цхьадолу тейпанаш аренца Теркан а, Соьлжанан а йистошкахь даха хевшина, шайн дахар йуртбахамца доьзна а долуш. Цара кемсийн а, кхин долчу стоьмийн а бошмаш а лелош хилла, иштта даьхний а, латта а лелош хилла. Цу нахах нохчаша теркхой олуш хилла, йа охьара нах.
Ткъа кхин берш ламанца биссина. Цигахь дахаран хьелаш мел хала делахь а даьхний а лелош, Iаш хилла уьш. Царех ламарой олуш хилла.
ХIора аьхка ломара нохчий тогIенашка охьабуьссуш хилла охьара нахера кIа эца а, иштта цхьацца сурсаташца цаьрца хийцамаш бан а.
Нохчийн маьрша дахар тIекIалдаьлла вайн эрал хьалха хиллачу 6-чу бIешарехь. ХIетахь царна тIелетта киммерийцаш а, скифаш а, иштта ГIажарера къаьмнаш а. Цара чубеъна тIом бахьана долуш, аренца болу нохчийн шайн ломара вежарий болчохь кIелхьарабовла дезна.
Цхьажимма шайна чу са деъча, нохчаша шайн махкара скифаш дIалаьхкина, амма уьш дIабахана дукха хан йалале, царел ницкъ болу а, хьекъале а мостагIий баьхкина нохчийн махка – сарматаш.
Церан ардангаша дIалаьцна йерриге а нохчийн аренаш. Соьлжа хих кхеташ долу Марта ахканан цIе а сарматийн «беллачийн ахка» олучу дашах кхоллайелла йу олуш ду.
Итта шарешца цаьрца къиссам а латтийна, нохчаша толам баьккхина. Ткъа Кавказехь йиссинчу сарматийн жимачу тобанах кхолладелла ду олуш ду хIирийн къам.
Масех бIешарахь нохчий маьрша Iаш хилла, ткъа Сийлахь Кавказан къилбехь византийцаш а, гIажарий а хилла тIемаш беш, Кавказана тIехь олалла дан бакъо къуьйссуш. Вайн эран 7-чу бIешарехь и ши пачхьалкха Iаьрбойн тIелатара дIахьаькхна, ткъа хIетахь Кавказехь а хилла баккхий хийцамаш. Дуьххьара цуьнан къаьмнаша долийна маьрша пачхьалкхаш кхоллар.
Царех уггаре а коьртаниг хилла Гуьржийн элалла. Цо шен тергоне лаьцна Сийлахь а, Жима а Кавказан йукъахь мел йолу хьаьрма. Iаьрбойх а, иштта аренца даьлла лелачу къаьмнех а шаьш ларба Iалашонца гуьржиша гIо деш хилла кегийчу къаьмнашна а шайн пачхьалкхаш кхолла.
Иштта кхоллайелла кху заманан Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а латтанашна тIехь Iиллина Дзурдзухети а, иштта, Нохчийчоьнан къилба-малхбузехь хилла Симсир элалла а.
Ила цIе йолчу паччахьа куьйгалла а деш элийн тобано (Узден) феодализман кепехь латтанийн дола деш хилла. Халкъхой олучу маьрша нехан аьтто хилла герз лело, ткъа йалхой а, леш а церан куьйг кIелахь хилла. Пачхьалкхан иерархин лардехь хилла йийсарш а, леш а.
Цу муьрехь нохчаша бакски а, шотландски а, иштта ширачу Германин а кепехь шайн социальни система кхоьллина.
Доьзала коьрта меттиг дIалоцуш хилла социальни дахарехь. Доьзалшах кхоллалуш хилла некъий, ткъа церан декъашхоша цхьаьна къахьоьгуш хилла даьхний лелорехь а, латта ахарехь а.
Амма социальни структура йоттарехь коьрта цIурко тIулг буьллург тейп хилла. И дош Iаьрбойн «Тайфа» олучу дашах схьадаьлла ду олу. Тейп кхоллалуш хилла итт эзар а, кхин а сов адамех. Тейпанаш гаранашна декъало, ткъа гараш некъашна.
Церан куьйгалла деш хилла Мехк-Кхела – иза къанойх а, иштта махкахь уггаре а дика цIе йоккхучу а адамех лаьтта, къоман шатайпа гулам бу. Цо оьшучохь нийса кхел а йеш хилла, иштта аха латта а билгалдеш хилла, тIом болуш киртиг тIенисйеллехь, бIаьхой а вовшахтухуш хилла.
ХIора а тайпанан шен цIейаххана да а хилла а, иштта шен лам а хилла. Цу ломахь цхьаъ йа, масех бIов хилла. Цу бIевнашкахь нохчий бехаш а хилла, иштта цу бIевнаша йоккха меттиг дIалоцуш хилла мостагIийн бIо йухатохарехь.
Карарчу хенахь Нохчийчоьнан лаьмнаш дуьзна ду и тайпа бIевнех. Царех цхьайолчарех йиссинарш херцарш бен йац, ткъа цхьа йерш хIинца а дика лаьтташ йу.
Нохчийн лаьмнашкахь хIинца а лаьтта эзар шо хьалха йоьттина хилла и тIулгийн инзаре лекха гIаланаш.
Къаноша нохчийн къоман истори Iаьрбойн маттахь йазъйина ларйина тептаршкахь. Цу тептаршкахь, исторически хиламех лаьцна долчу дийцарел совнаха, нохчийн бакъонан – Iадатан лехамаш а хилла дIайазбина. Иза ма-дарра аьлча хIора а нохчо тIетовжа декхарийлахь йолу син-оьздангаллин а, бакъонан а граждански кодекс хилла.
Тейпанаша наггахь шайн конфедерациш кхуллуш хилла цхьацца Iалашонца, масала мостагIашна дуьхьало йан, чIир йита, ши тейп берта дало а, кхин дIа а.
Цу цхьаьнакхетараллех Тукхум олуш хилла. Карарчу хенахь уьш исс ду, царна йукъа догIуш ду ши бIе гергга тейп.
Дахаран тайп-тайпанчу политически а, кхин долчу а хьелашкахь коьрта меттиг дIалуш хилла къаношна. Цо кхоьллина нохчийн къоман бух. И тайпа шайн ламастийн чIогIачу буха тIехь кхоьллина йолчу йукъараллас тамаша бара арара пачхьалкхин Iедал.
Империца дуьхьал Iоттадалар
1237-чу шарахь Къилбаседа Кавказ дIайуьзнера монголех.
Царна тIаьхьа 1350-чу шарахь Къилба Оьрсийчо шайн карайерзийна болчу Тамерланан татараш тIелетира Кавказана. Йа монголийн а, йа татарийн а аьтто ца белира нохчашна тIехь толам баккха. Уьш кхин къар а ца белла мостагIий йухабевлира Теркан а, Соьлжан а йистошкахь Iохку аренаш карайерзорах тоам а хилла.
Нохчаша шайн ницкъ мел тоьу латтийна къиссам толамца чекхбелира, амма Дзурдзухети а, Симсир а ши пачхьалкха тIеман къизалла ца лайна йоьжнера.
Татараш дIабахча, нохчий маьрша бевлира, амма пачхьалкха а йоцуш биссира, ткъа иза йуха кхолла церан йа аьтто а, йа ницкъ а бацара. Iедалан и меттиг дIалецира Мехк-Кхела, цу йукъа богIура нохчийн исс тукхаман векалш. Уьш син-оьздангаллин лехамашца хоржуш бара.
Мехк-Кхелаца къоман йист йоцу ларам хиларна цо къастадора йукъараллин а, иштта политически а мехала хаттарш.
Шайна кхин къар ца беллачу нохчийн латтанаш дита дезна мостагIий дIабахара. Ткъа царна тIаьхьа йиссира йохийна, йаьржийна Нохчийчоь а, иштта эзарнаш церан тIемалойн декъий а. И тIом бахьанехь лаьмнашка дIабахана хилла нохчий, шаьш хьалха бехаш хиллачу латтанашка йухабирзира, шайн дахаран хьелаш йухаметтахIитторехь къа а хьоьгуш.
Керла дахар дара цара кхолла дезаш, латтанаш охуш, даьхний лелош. Шийтта шарал сов, къиссам латтийра аренан мостагIийн ардангаша маьрша нохчий ца къарлуш, амма нохчаша ког биллал а латта ца делира мостагIашна дIа.
Олуш ду, монголаша нохчийн йукъараллин дахарна тIеIаткъам бина бу, къаьсттина динехь, масала, татараша деъна нохчашна бусулба дин. Амма иза бакъ дац. Цкъа делахь, Iадат бусулба динаца ца догIуш а дац, бусулба дин дуьненчу доссале, дуккха а хьалха лаьттина а ду. Бусулба дина нохчий Дела цхьаъ варна тIеберзийна, ткъа син-оьздангалла, цIеналла, гIиллакх церан Iадатаца даима а хилла ду.
Нагахь санна нохчийн шайн исторически а, Iаламан а потенциал буьззинчу барамехь кхочуш йан аьтто хиллехь, цара дуьненна кховдор йора шайн, цхьаннах а тера йоцу кIоргера цивилизаци, амма и аьтто ца хуьлуш, уьш таханенга кхаьчна.
Монголийн а, татарийн а ардангаш Нохчийчуьра дIайахча, Кавказана тIелатарш дира аренца дуьйладелла лелачу тайп-тайпана къаьмнаша – половцаш, пичинегаш, готаш, гунаш, мадьяраш, хазараш, вятичаш а, кхин берш а. Чаккхе йоцучу къиссамаша гIелйина йолчу Нохчийчоьнна цIеххьана коча йеара, Кавказана тIе бIаьрг биллина Iаш йолу Росси.
Билгалдаккха деза татарашка а, монголошка а нохчий къар ца белла. Шийтта шо сов хенахь къиссам латтийра нохчаша хIара ах дуьне шайн карадерзийначу луьрачу мостагIашца. Амма дуьненан дай шаьш хеттарш, нохчийн лаьмнашкара эшамца дIабахара. ХIете а церан аьтто белира Кавказан цхьа долчу латтанашна олалла дан. Церан ког кIелара хIинца бен маьрша йаьлла йоцучу Россин лаам хилира Кавказ карайерзо. ХIетахь дуьххьара Кавказан маьрша лаьттанашна тIамца тIе дуьйладелира дукха хьолахь, Паччахьан Россера бевддачу лешах кхоьллина хилла гIалгIазкхийн эскарш. Цу эскаршна йукъахь бара хазарийн тукхамах схьадевлла, царех тIаьхьа диссина къаьмнаш а – башкираш, удмурташ, гIезалой, казахаш, ногIий. Кестта и тIеман бIо Теркан йистошка кхечира.
Къилбаседара тIегIерташ уьш а болуш, Кавказана цхьаьнаэшшара тIелетира кхин шиъ ницкъ болу пачхьалкха: малхбузера Османски импери а, малхбалера ГIажарийн импери а. Къаьсттина хIетахьлера тIеман экспедицихь дуьхьалIиттабелира нохчий а, оьрсий а.
Чечана олучу нохчийн йуьрт йистехь меттамотт биллина лаьтташ хилла паччахьан тIеман тобанна тIелетира ламарой. Эшамца, тобанан цигара дIайаха дийзира. ХIетахь дуьйна оьрсиша нохчех «чеченцы» олуш хилла, ткъа цу йуьртах Чечен-Аул, ткъа нохчаша шайх ишта цкъа а аьлла дац. Заманан йохаллера дуьйна схьайеъна цу къоман – Нохчий цIе, ткъа шайн Даймахках цара Нохчийчоь олу.
Нохчашна цхьалла а, барт а оьшу, рогIера хала киртиг тIеIоттайелира.
Оьрсий бевзинчул тIаьхьа, нохчийн уьйр йайна хилла тукхамаш, йуха а цхьа барт хилла гIевттира шайн латтанаш ларда.
ХIинцалц башха кIоргера нохчийн дахарехь даьржина ца хиллачу бусулба динах, нохчийн къомо мостагIашна буьрса дуьхьало йеш, мелхо а церан син-оьздангаллин гIортор хилира. Дукха хан йалале, дуьххьара имамаш а гучубевлира.
Нохчийн къоман исторехь къеггина лар йитина, Кавказехь Шайх-Мансур аьлла халкъо цIе тиллиначу Олдара Ушурмас.
Дуьххьара Шайх-Мансура кхайкхинера керстанашна дуьхьал гIазотан тIом. Цо кхайкхинчу гIазотан ткъе пхеа шарахь гергга кхерамехь латтийнера дерриге а Паччахьан эскар.
Къаьсттина, 1785-чу шарахь, цуьнан аьтто белира Соьлжа хин гечо йистехь 2000 гергга стагах лаьттачу полкана кIело а йина, иза йерриге а хIаллак йан.
[1] Паччахьан подразделенин куьйгалла деш хилла Италин къомах волу полковник Де Пьери. 2000 гергга бIаьхочух лаьтта цуьнан тоба гечо йистера чIожа чуеънера, ткъа шина а дукъа тIехьара цIеххьана хиллачу тIелатаро хIаллак йира иза. ХIетахь вийнера 740 гергга саьлти а, иштта ша Де Пьери а. Кхин а 162 стаг йийсаре лаьцнера. Ткъа биссинарш, шайн герз а, кхин болу гIирс а охьа а кхоьссина, тIеман арара боьвдера.
Ламанхошца болчу къиссамехь шайн де дийне мел долу хуьлуш болу эшамаш а гуш, хIетахь Россин коьртехь хиллачу ШолгIачу Екатеринин доккха эскар тIаме арадаккха дийзира, Мансура болийна къиссам гуттаренна а сацо.
Амма кхин а йалх шо дIаделира, Ушурма Анапа гIалара Шлиссельбургски гIапехь йийсаре вале. Iедало лаьцна иза набахте дIакхачийра, цигахь кхо шо даьлча иза дIа а кхелхира.
Нохчийн къоман маршо къийссарехь цо айбина болу гIаттам байракх хилира массо а кавказхошна. Мансуран кхалхаро ца сацийра ламанхоша Паччахьан Iедалана дуьхьал латтош болу къиссам, мелхо а марсайаьккхира цуьнан алу. ХIора а бIаьста ламанхойн тобанаш тогIешка охьайуьссура, имперски гарнизонашна тIелатарш дан а, церан герзашна къола дан а.
ХIетахь, ШолгIачу Екатеринин метта Паччахьан васхал тIе велира Хьалхара Александр. Цо шен уггаре а къиза а, кIоршаме а волу инарла Ермолов Алексей Кавказе дIахьажийнера ламанхойн къиссам гуттаренна а сацо.
[2] Ермоловс массарна а дIакхайкхадира: суна лаьа сан цIарца церан хин болчу кхераме вайн дозанаш герзал а чIогIах лардайта, сан дашах уьш Iожаллех а чIогIа кхерийта. Барам боцуш кIоршаме а, къиза а хир ву со. Сан къизаллас бIеннаш оьрсийн ламанхойн таIзарах ларбийр бу.
Инарлас масех гIап йиллинера тогIеш а, иштта ТIеман-Гуьржийн олучу регионан йистера коьрта коммуникационни некъ а ларба Iалашонца.
Царех цхьайерш Соьлжанан хин йистошкахь хIиттийнера. Цигахь гIап йилла Iалашонца меттигера бахархой арабаьхнера, ткъа иттанаш нохчийн йарташ йагийнера. 1818-чу шарахь йиллинчу гIопана «Грозная» аьлла цIе тиллира. Оьрсийн маттера гочдича – буьрса.
Нохчашна хIетахь хууш дацара, шайн луьрачу мостагIчо шаьш хIаллак дан Iалашнца йиллинчу гIопах заманан йохалла шайн коьрта шахьар хир йуй а, и гIап цигахь йилларна инарла дохко вер вуй а.
Инарлас сихонца дIадолийра ша хIоттийна къиза Iалашонаш кхочуш йар. Цо къа ца хеташ хIаллак йора тоьпан тата схьахезаш йолу муьлхха а нохчийн йурт.
Инарлин къизаллин тIеIиттабеллачу нохчаша, шайн баьчча хаьржира имам ГIеза Мухьаммад. Цо гIазот а кхайкхина, ткъех шарахь гергга Паччахьан Iедална дуьхьал къиссам латтийна эскар вовшахтуьйхира.
1832-чу шарахь, ламанхоша къар ца луш, латтош болчу къиссамо оьгIаз вахийтинчу Хьалхара Николайс нохчий мухха къарбина а къарбан Iалашонца ткъа эзар стагах лаьтта эскар дIахьажийра Кавказе.
Нохчийчоьнах цIе тоссуш чекхделира Паччахьан эскар. Цуьнан аьтто белира ГIеза Мухьаммадан лар талла а, цунна Гимры олучу ша хьаваьллачу юьртахь кIело йан а.
Майраллица летара ламанхой, амма оьрсийн герзаш а, церан эскаран дукхалла а бахьана долуш, йита дийзира ламанхойн тIеман аре.
ГIеза Мухьаммад вийнера, ткъа цо айбина маршонан байракх цуьнан уггаре а тешаме накъосте – къоначу жIайхочуьнга Шемале кховдийра. Иза Кавказан исторехь Имам Шемал цIе йолуш ваха вуьссур ву.
[3] Я Шемал а, я ГIеза Мухьаммад а нохчий ца хилла. И шиъ Дагестанан коьртачу этнически тобанна юкъа догIучу жIайхойн къомах хилла. Цу къоман уггаре а хьийкъина мур хилла вайн эранан 7-гIачу бIешарера 10-гIа бIешаре кхаччалц. Царех цхьа берш Трансильвани дехьа бевлла, ткъа кхин болчара Къилба Россин яьккхий хьаьрманаш дIалаьцна.
.
Керлачу баьччан аьтто белира Россин олаллина дуьхьал къиссам латтош йолу ламанхойн тобанан барт чIагIбеш, цунах боккъалла а йолу политически институт кхолла, ма-дарра аьлча нийсса ткъе пхеа шарахь лаьттар йолу, Имамат цIе йолу керла пачхьалкха кхолла. Цу пачхьалкхана йукъа догIуш дара наибаша а, муфтийс а, куьйгалла деш долу латтанан 33 дакъа. Пачхьалкхехь герзаца кхачо йина эскар а дара, иштта тIеман 510 куьйгалхо а вара.
Имамат бусулба динан бакъонна а, шарIанна а тIетевжаш йара, ткъа цуьнан къобалбина пачхьалкхан мотт Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) бийцина хилла болу Iаьрбойн мотт бара.
И пачхьалкха кхоьллича Имам Шемалан аьтто белира хIинцалц йаьржина хилла тобанаш вовшах а тоьхна, хила ма-беззара тIеман ницкъаш а, эскар а кхолла.
Цул совнаха, бусулба динан пачхьалкха кхоллар бахьана долуш цуьнан аьтто белира Нохчийчуьра Iесалла орамца дIа а йоккхуш, къам буьззинчу барамехь бусулба динна тIедерзо. Заманан йохалла Росси пачхьалкхана дуьхьал уггаре а чIогIа къизачу тIемашца къиссам латтийна ду нохчийн къам. Диъ бIе шарахь Россица тIом бина нохчаша. И къиссам карарчу хенахь сацийна а бац.
Имаматана дуьхьал Николай Паччахьа кхин а дукха ницкъаш хьажийра, амма хIете а, уггаре а кIезиг кхин а ткъа шо дийзира ламанхой аренашкара лома дIалахка.
Лаьмнийн чIожашкахь кIелхьарволийла лоьхуш лелаш волу Шемал Османски империгара гIо деха гIоьртира, амма Хонкаре башха ницкъ болуш йацара хIетахь, хIунда аьлча уьш шаьш бара ГIимрахь тIом беш, цундела церан сурсаташ дацара Имаматана гIонна хьажо.
Истамбулера лулахошкара шена гIо хир доций хиъна Шемал, Ингалс пачхьалкхан королева Викторияга гIо деха веара. Иза хIетахь французашца а, итальянцашца а ГIимран тIамехь, османийн агIонехь къиссам дIахьош йара.
[4] Шен цхьаьна кIоргера маьIна долчу кхайкхамехь ишта яздо Шемала: «Лараме, королева! Дуккха а шерашкахь дуьйна Россица къиссам латтош ду тхо тхайн маршо а, тхайн паргIато а бахьнехь. ХIора шарахь тхан токхамаш санна тхан тогIишна чухьовдучу мостагIашна дуьхьало ян езаш хуьлу тхо. Тхан къиссам чIогIа а, къиза а бу. ХIора Iай тхайн зударий а, бераш а генарчу хьаннашкахь къайладоху оха, ткъа церан цигахь мацалла а, шело а лан деза. Амма хIете а, Далла тIе болх а биллина тхо юхадовлуш дац. Оха доьху хьоьга, королева, гIо де тхуна.
.
Амма Ингалс пачхьалкхе дехна орца а жоп доцуш диссира. Мацалло, халонаша кIелбитина ламанхой, хIинца дукха хьолахь реза бара оьрсишца барт бан.
Цара хIинца йалта дIадийна аренаш ларъйар бен, кхин башха къиссам бацара латтош.
1859-чу шеран товбецан беттан 6-чохь Шемала мостагIашна къарвала сацам бира.
ТIевахар бахьана долуш, паччахьа таIзар ца деш, кIелхьараваьккхира иза. Москва гIалина йистехь доккха цIено а делира, иштта Макке хьаж дан аьтто а бира, ткъа и хьаж дечохь имам кхелхира.
Цуьнан юххера накъостий а, цул совнаха, кIентий а, бюрократи а, Паччахьан эскаре а кхайкхинера, Россина муьтIахь йолу Кавказан дуьххьара политически тоба кхолла Iалашонца.
Ламанхой къарбаран политика кхиам болуш хилира: ткъа шарахь Кавказ синтеме йара, ткъа масех гIаттам, имперски эскараша сиха сацийра.
Амма хIете а, 1870-чу шерийн чаккхенехь, нохчийн гIаттаман алу йуха а марсайелира. Керла баьччан, бусулба динан хьехамчан, доьналла долчу, къоначу бIаьхочун Зандакъара Албик-Хьаьжин аьтто белира эскар вовшах а тоьхна, Нохчийчоьхь гIаттам айба а, иштта ша арабаьккхина некъ луларчу Дагестане кховдо а.
Йуха а Паччахьан эскара сийна цIе йиллира Нохчийчоьнах. 1877-чу шарера 1881 шо кхаччалц, Нохчийчоьхь тIом бара, цу тIамо йохийна, йаьржийнера дукхох йолу йарташ, царех йиссинарш херцарш бен йацара.
Керлачу гIаттама дукха нохчийн бIаьхой а, иштта маьрша адам а хIаллак дира, амма дукха хьолахь цо гайтира Имам Шемал тIеваханачул тIаьхьа Николай Паччахьа лелош йолу политика нохчаша къобалйина ца хилар.
Керлачу паччахьа КхоалгIачу Александра сацам бира оьрсий а, кавказхой а маьрша бахалур бац аьлла, цундела царех уггаре а къар ца луш берш, Iеха а бина, махкаха баха беза.
Цу керлачу доктринех уггаре а хьалха лаккхара мах дIабелира нохчаша а, гIалгIайша а. Паччахьан Iедало гIад дайина долчу цу шина къоман лаам хилира Урдуне а, Хонкаре а, Шеме а дехьадовла. Уьш махкаха арадовдаран агIонах нохчийн исторехь мухIажаралла олу.
ТIебаьхкина нохчий османаша уггаре а кхераме йолчу меттиге баха ховшийтира. Хиджазски аьчка некъ буьллучу регионна даима Iаьрбоша тIелатар дора, ткъа баланех кIелхьарабовла дагахь, бевдда баьхкинчу нохчийн, цигахь а къиссам латто дийзира.
Билгалдаккха деза, махкаха бевлла боллушшехь нохчаша аренца йоккха лар йитира цу пачхьалкхийн дахарехь, шайн доьналлица а, хьекъалца а, оьздангаллица а.
Цара шайн йукъараллин а, оьздангаллин а кхерч кхоьллира, жигара дакъа лоцура мехкан дахарехь. Нохчаша къаьсттина кхиамаш гайтина Урдунехь. Доцца аьлча цуьнан пачхьалкхалла ларъеш, мехала дакъа диллина нохчаша.
Хьаьрман леррина терго йан Iалашонца ингалсан эпсараша меттигера бахархойх дуьххьара тIеман тобанаш кхоьллинера. 1923-чу шарахь цу тобанан буха тIехь кхоьллинера Iаьрбойн легион, цу юкъа бахара нохчий а, чергизой а. Заманан йохалла тIеман урхалла дахаран некъ хилира царна. Иштта нохчаша дIалецира Урдунан тIеман эскарехь шайн къеггина меттиг. Тешаме а, доьналла долуш а хиларна нохчий хазахетарца тIеоьцура полици а, пачхьалкхан кхерамазаллин урхалле а. Таханлерачу дийнахь а, цара шайн тIеман гIуллакх дIакхоьхьу паччахьан гвардехь.
Урдунан бахархошца дустича, цигахь бехачу нохчийн терахь кIезиг делахь а, цара йоккха меттиг дIалоцу мехкан генералитетехь а, лаккхарчу эпсараллехь а. Урдунан исторехь уггаре а къеггина лар йитина нохчий бу:
Ахмед Арслан Алауддин (1942—2014) – тIеман гIуллакххо, бротентанкови эскарийн дивизионни инарла, 1967-чу а, 1973-чу а шерашкахь Iаьрбойшна а жуьгтишна а йукъахь хиллачу тIемийн декъашхо, Урдунан шозза Турпалхо;