Loe raamatut: «Кавказан баххьаш. ЧIинхойн Кута», lehekülg 3

Font:

– Кута, хьо цаьргахьа ву? Хьо тхуна дуьхьал ваьлла? Сван бахьанехь хьайн накъостех лата воллу хьо? – боккъалла цецваьллера иза.

Кутина гуш дара хIара дерриге а хьал дарделла хилар а, шина а тобано Фатиках ца довла дуй биъна хилар а.

– Со сайгахь ву! – кертахь тийналла йоссош мохь туьйхира нохчочо. – Суна Фатика цкъа а гина йацара, амма цуьнан хазаллах лаьцна йерриге а Кавказехь дуьйцуш ду. ХIинца сайн бIаьргашна иза гича, сан сацам хилла иза сайна йига.

Цецдаьллачу адамийн тобанна йукъахь гIугI даьржира. Ахиян вежарий дукха цецбевлла, багош а гIаттийна лаьттара, ткъа шаьлтанах тассавелла сван накъосташа сацийра. Маларах кхетттачу балкхарца йуха а шениг дуьйцура:

– Тхуна бен дац сван вийча а, нохчо вийча а, амма Фатика оха цхьанна а дIалур йац.

Кутина а, цунна уллохь лаьттачу чергизочунна а тIевеара балкхаройн эла Урусбиев. Цо куьйг айдира, вистхила шен болу лаам гойтуш. Гулбеллачарна йукъахь тийналла хIоьттира.

– Кута сан хьаша ву! – Элас бIаьрг туьйхира гулбеллачу нахе. – Фатика хьаьнга маре гIур йу шаьлтанаша къастор дац, иза цуьнан дас къастор ду. Шен дас Мухарбис дIайеллачуьнга маре гIур йу Фатика – йоьIан да волчу агIор бIаьрг туьйхира элас. Тоба дIасатеIира. Мухарбинна тIевахара Навруз:

– Лараме Мухарби! Хьан йоI кхиъна йаьлла. Цуьнан безам бахьанехь шайн синош дIадала реза бу Кавказан уггаре а тоьлла къонахий. Ас сайн цIарах йоьху хьоьга иза сайн хьаша а, доттагIа а волчу нохчийн обаргана Кутина. Цул тоьлла хIусамда хьан йоьIана карор вац хьуна!

– Цу нохчочунна хууш дуй сайн йоI ас йорах дIалур йоций? – велакъежира иза, шен къоьжачу мажах куьйг а хьокхуш.

– Массо а харж ас сайна тIелоцуш йу! – кхоладеллачу хьолах воккхаверца жоп делира балкхаройн элас.

– ТIаккха суна вайн барт хилла аьлла хета. ТIедогIучу кIиранан дийнахь шайн нускал дIадуьгур ду-кх аш – хьалагIаьттира Мухарби, шен кIенташка шаьш дIадоьлхуш хилар хоуьйтуш.

Циггахь говрашка а хевшина, шайн накъостаца сванаца дIабахара Ахиян вежарий а.

– Цу нохчочунна хууш дуй нускал дIадигале той балкхаройн лаьттахь а дан дезий? – саца туьгуш вацара маларах кхетта балкхархо.

– Шуна цкъа а ца гиначу кепара той хир ду-кх шуна – велавелира гIебартойн эла Клишбиев Аслан шен доттагIчун Кутин куьйг а лоцуш.

Шайн кIотара Кюнлюме сванаца цхьаьна Ахиян вежарий буьйсанна схьакхечира. Ахия цIахь вара:

– ТIаккха? Муха дара той? Гирий шуна Фатика? – хаьттира Ахияс чоьхьаваьллачу шен вешига Асхате, бIаьргашца боданехь цхьаъ лоьхуш санна. – Кута мичахь ву? – хаьттира цо шен вежаршка а, царна уллохь лаьттачу сване а.

– Шен нускалца хир ву-кх велар иккхира цуьнан воккхах волчу вешин.

– Фатика ган а, цуьнга хьажа а хIинца хьан доттагIчун Кутин бен бакъо йац, иза цуьнан нускал ду – Асхата аьллачунна тIетайра церан щича.

Ахия хIумма а кхеташ вацара, амма балано макхвинчу Ратиани Мушнига хьаьжча гуш дара цу тойнехь цхьаъ хиллий.

– Мушни, ахь мукъне а ала хилларг хIун ду? – дийхира Ахияс. Ткъа цуьнан вежарша хIумма а къайла ца деш, Гелястано кIотарера тойнехь хилларг дIадийцира, ткъа эла Ратиани Мушни вист ца хуьлуш, вехха лаьтта бIаьра хьоьжура.

– Ахия, ас доьху хьоьга, цкъа мукъне а иза ган гIо де суна! Нагахь санна и реза йелахь тхойшиъ дукъа тIехьахула сан махка дехьадер ду, цигахь иза нохчочунна а карор йац – дехарца шен доттагIчун бIаьра хьоьжура Мушни.

Цуьнан гIийла хьежаро дог Iийжадора балкхархочун.

– Дер лаа ма дац иза ша дерриге а – дагалецамаш кего волавелира Ахия. Суна Кута дика вевза. Суна дика девза цуьнан къам а, тайпа а. Со дукхозза хилла иза схьаваьллачу Довта-МартантIехь. Цо цкъа а лачкъор дацара нехан ирс, цуьнан дерриге а дахар нах ирсе барна лерина хилча – шена хезначух ца тешара Ахия. – Жималлехь дуьйна цу нохчийн къонахчо Кавказан муьлххачу а маьIIера Iедалан Iазапо ницкъ биначу ламанхойн сий ларда шен дахар цкъа а ца кхоийна. Цуьнан йаьхь, доьналла, майралла, комаьршалла йовзарна иза ма кхойкхура массара а шайна тIе чолхе киртиг хIоьттича – ойла йора Кутин доттагIчо. Iуьйре хиллалц са ца туьйш, Ахия буьйсанна говра а хиъна цхьанхьа вахара.

Кундетово олучу шен кIотара цIа веъча, Мухарбис тIедогIучу кIиранан денна кечам бе элира Фатика маре йала. Фатикас ца йаьлла тIеийцира шен кхоллам – дас ша делла дош цкъа а йуха а оьцур дац, амма дагна хала дара цунах кхета – иза доьлхура, Iийжара, чов хилла лозучу цунна тIе дагалецамаша туьха туьйссура. Мушни пхи шо воккха вара Фатикел.

Жима бер долчу хенахь дуьйна цо даима а тамаша бора Мушних а, цуьнан доттагIчух Хергианих а ша дейиша йолчохь Сванетехь хьошалгIахь йолчу хенахь. Фатикан пхи шо дара Сванетехь цуьнан жима цициган кIорни дитта тIе а даьлла, цу тIера охьа ца доссалучу хенахь. Фатикас луларчу кIенташка дийхира шена гIо де аьлла, амма цхьа а ваьхьаш вацара диттан дуьткъачу гаьнтIе хьалавала.

Иза йоьлхура, ткъа довхачу бIаьрхийн Iовраш цхьаъ цхьанна тIаьхьа охьауьдура цуьнан ховхачу бесниш тIехула. Йоьлхуш йолу йоI гира цу урамехула богIучу кIенташна. Царех цхьаъ сецира.

– ЙоI, хьо хIунда йоьлхуш йу? – хаьттира царех цхьаммо шен кучан пхьошаца йоьIан бIаьрхиш дIа а цIандеш.

– Сан кIорни, цициган кIорни – къурдаш деш гайтира йоьIа диттан гаьннашах тассаделла Iаш долу жима пису.

– Эла, хьавола! – кхойкхура кIанте цуьнан накъостий. Амма иза уьш тергал ца беш дитта тIе хьалавелира, кагдала доллучу дуьткъачу гаьннах а тийссалуш. КIантах кхераделла пису кхин а лаккха хьаладелира. Ша дерриге а дицделла хьоьжура массо а хуьлучуьнга. КIант пису схьаэцна ваьлла аьлла хеттачу хенахь, га кагделира, амма цо тIаьххьара катуьйхира кIорних. Ткъа иза важа куьйгаца тассавелла хилла диттан га цуьнан йозалла ца лаелла, татанца кагделира, ткъа кIант карахь пису а долуш лаьтта охьавуьйжира шен хеча а йатIош, ткъа пису-м могуш-маьрша цуьнан карахь дара.

– ХIара ду-кх хьан пису – самукъне дIакховдийра цо Фатике кIорни.

ХIетахь дуьйна воккхах волчу вашас санна терго йора цо йоьIан. Балкхаре дIайоьдучу хенахь, цо чIогIа сагатдора Мушнина, сатуьйсура йуха а Сванете кхача.

Иза элийн ширачу тайпанера схьаваьлла вара. Церан тайпа хIинца хьалха санна хьал долуш дацахь а, амма РатианигIар шайн доьналлица бевзара йукъараллехь.

Кхойтта шо кхаьчча Фатикана везавелира Мушни, ткъа цуьнан безам жоп доцуш а ца биссира. Кавказан дукъа тIера уггаре а кхераме йолчу ирхенашкара гулдинчу зезагийн курсаш кхоьхьура цо йоьIана. Цуьнан санна ламанца лекха хьалавала ка йолуш Мушнин доттагIа Хергиани бен вацара.

Ткъа хIинца Фатикин лаахь а, ца лаахь а нохчийн обарган зуда хила йеза. Цунах лаьцна дукха дуьйцу Кавказехь. Фатикина иза хьалха а гинера, ткъа тахна иза йехха хьоьжура цуьнга. Обарг хаза а, доьналла долуш а вара, амма ма хийра вара иза йоьIан дагна, цундела Фатика ца кхетара ша муха кхуллур ду цуьнца дахар. Амма йоьIана хаьара шен дас делла дош ша цкъа а дохор доций, цунах шен са дIадала дезаш хилахь а.

Ахия цIа вогIуш вацара. Цуьнан вешин Асхатан а, Мушнин а сацам хилира Кутас Фатика Кундетово дIайуьгучу хенахь иза цуьнгара йаккха. Цу гIуллакхна цара вовшахтуьйхира уггаре а доьналла долчу итт балкхархочух тоба. Iуьйранна сатоссуш, уьш тIелатар дан дезачу меттигехь бара. Ткъа тобанна йукъара шиъ са а хилале Кундетово дIаваханера, цигара хьал меттигехь довза.

Делкъа хенахь уьш говраш хаьхкина кхечира, тамашийна хаамца: нускал Кюнлюме, Ахия волчу далош ду, той а кхузахь хир долуш ду.

Балкхархой цецбевллера: хIорш даккха гIиртина нускал, кхарна тIе доссош ду. Иза цкъа а хезна а, гина а доцу хIума дара.

– Делан кхел йу иза, цунах цхьа а ваьлла вац, йа иза цхьаьнга а хийцаелла а йац – гIийла велакъежара дог диллина Мушни.

– Кута а со санна Ахиян доттагIа ву, цундела со шуьца Кюнлюме дIавогIур ву, ткъа йуха массеран а Iодика а йина, сайн Даймахка дIагур ву – элира Мушнис, шен сингаттам ца лечкъош.

Уьш кIотара схьакхаьчначу хенахь Ахиян кертахь шортта нах бара гулбелла: Ахиян да Тавшур а, церан цIийнах воккхах волу къано Абрек а. Уьш массо а хьоьжуш бара нускал схьакхачаре. Ахия кертахь цхьацца дезарш деш вара. Геннара схьакхетара кхехкочу жижиган хьожа. Гуш дара кху кертахь тойнна кечам беш хилар.

– Шу мичахь лелаш ду? Нехан нахе цIентIехь гIо де баха дезаш ву-кх со – оьгIазвахара Ахия шен вежаршна. – Той кхузахь хир ду! Хьо а кечвала мегар дара, хьуьнха талла ваха араваьлча санна а ца Iаш – Мушнига хьаьжира иза.

– Со дIавоьдуш ву, Ахия. Сайн йезаран тойнехь сакъеррал ницкъ болуш вац хьуна со – Мушнис ца лечкъадора шен бIаьрхиш. Ахияс иза белшаш тIера а лаьцна, кертахь лаьттачу гIанта охьахаавира:

– Хьо сан доттагIа ву, ткъа хьо санна доттагIа сан Кута а ву. Нагахь санна и декъала а ца веш, хьо дIаводахь, хьо гIиллакх доцург хир ву хьуна – хьехар дира цо шен доттагIчуьнга.

– Дика ду! Хьан дуьхьа дийр ду ас иза, амма Фатика ган суна ца лаьа хьуна. Со ишта а тахана шен къизалла ца кхоош кхолламо зийна хьуна, сан кхин ницкъ бац – куьйг ластош, чоьхьавелира Мушни.

Нускал эцна йогIу пайтон генара дIахьаьжча хIинца а гуш йацара, амма иза Кюнлюме кIотаре кхочуш хиларан тоьшалла дара герзан тата.

Пайтон кертал чоьхьайелира. Йерриге а кIотарера зударий, бераш гулделлера Ахиян кертахь. Дукхачарна гина йацара Фатика, амма цуьнан исбаьхьа хазаллех лаьцна ца хезаш ца виссинера Балкхарехь цхьа а.

Ткъа нускал далийна волу Кута а вацара хIумма а ирча – зоьртала дегIехь, доьналлех дуьзна цуьнан сибат массарна а йукъахь къаьсташ дара. Пайтонера охьадоссийначу нускалан йуьхьтIе кхоьллинчу шипона бухахь гуш дара бIаьргара охьахьевдда даккхий хин тIадамаш.

Хьешашна йукъахь бара кху захалонехь дакъа лаьцна болу балкхаройн эла Урусбиев Навруз а, той вовшахтухуш волу гIебартойн эла Клишбиев Аслан а, иштта кхин берш а. Фатикана уллохь лаьттара Ахия. Кута адамийн гуона йуккъе а ваьлла шен нускална а, накъостана а улло дIахIоьттира:

– Суна дукха хезнера сайн доттагIчо Ахияс шен накъостан элан Ратиани Мушнин доьналлех а, син-оьздангаллех а лаьцна дуьйцуш – леррина шен накъосташка хьаьжира Кута.

ЦIеххьана, бIаьстенан догIа санна Фатикин йуьхьтIехула йуха а охьахьевдира довха бIаьрхиш. Ма хала дара сатоха цхьаьна а мIаьргонна хьайн дагчуьра ваьлла воцучу везаран дикаллех лаьцна, хьо ца йаьлла маре йаха дезначу хьан хIусамдас дуьйцуш ладогIа.

Ткъа Кутас-м сацанза шен къамел дора:

– Балкхаройн тойне иза шен йезар ган вахана аьлла сайна хезча, цунах сагатдеш Ахиян вешица цига ваханера со. Нохчийн цхьа Iадат ду шайн доттагIашна уггаре а деза совгIат дан. Сайна иза гина а воццушшехь сайн ваша санна везавеллера суна и сван.

Суна хетарехь шен йезарал деза совгIат цунна цхьаммо а дина хир дац.

Фатика-м цунна уллохь лаьтташ хиллачу Ахияс лаьцна ца хиллехь, кхетамчуьра йаьлла охьайуьжур йара.

Ткъа кхузахь гулбеллачу зударшна-м хала дара шайн бIаьрхиш сецо. Ма дагах кхеттера массарна а Кутас гайтина и цIена гIиллакх.

– Амма хIара гIуллакх ишта дIадерзо аьтто бер бацара суна орцах сан накъостий бевлла ца хиллехь – Наврузана а, Асланна а пIелг хьажийра Кутас. ХIара доладелчхьана йоьIан дена хууш дара оха иза элана йуьгуш хилар. Мичахь ву ша Мушни? Вада-м ца ведда иза? – Велакъежира Кута.

Мушни-м йуьстах ваьлла лаьттара. Иза кхоьрура Фатика гича ша вохарна, амма хIете а даго нуьцкъала ийзавора йезар йолчу агIор. Цунна хIума а гуш дацара йоьIан и нуьре амат бен. Цунна хIумма а хезаш дацара, цуьнан ойланехь тховса шех гуттаренна а къаьстар долуш йезаран васт дара. Иза хIинца а кхеташ вацара хуьлучух. Мушни ца кхийтира Фатика вуо хилла охьайожанза хIунда елира а, амма цунна бIагор беъча, иза йолчу агIор дIатассавелира Мушни, ткъа Ахияс иза охьа ца йожийтича, сецира.

ЦIеххьана кертахь тийналла йоьссира. Цунах цецваьлла сван ца кхеташ дIасахьоьжура. Массо а велакъажарца цуьнга хьоьжура, ткъа цунах эхь хетта Мушни-м кертара аравала гIоьртира. Амма Кута цуьнан некъ хадош, дуьхьалвелира. Ахияс шега аьлларг дагадеъна, Мушнис шен дерриге а доьналла гулдира тIаьххьара сатоха. Велакъажарца нохчочуьнга вистхилира иза, къаьхьа къурд шен легашкахь къуьйлуш:

– Кута мах боцу хазна йу хьоьга тахна къаьчнарг. Ларйелахь иза! – шен бIаьрхиш лечкъо гIертара эла. Нохчийн обарг кхийтира балано лаьцначу сванна ша дуьйцург хезаш доций.

– Дика зуда хир йу аьлла хетий хьуна цунах? – сван хьийзо волавелира Кута.

– Цул дика а, тешаме зуда а, берийн нана а кху маьлхан дуьненахь карор йац хьуна – халла жоп луш йуха а дIаваха гIоьртира сван, амма иза куьйг лаьцна сацийра Кутас. Элан доьхначу дагах кхеташ волчу нохчийн обаргана ца лаьара иза кхин дIа хьийзо. Кута забар йар дезаш вара, амма хIинца сел боккхачу сингаттамо лаьцначу эланан даг тIе туьха тийссал къиза а вацара нохчийн обарг.

– Сан хьоме доттагIа Мушни! Ас даггара декъал во хьо Балкхарехь уггаре а хаза йоI йалийна, тахана доьзал кхолларца. Ларйелахь иза. Ларбелахь хьайн цIена безам. Таханлерачу дийнахь дуьйна Фатика сан дуй биъна йиша хир йу – доггах маракъевлира Кутас эла Ратиани. ХIинца а хуьлучух кхеташ воцучу Мушнинна тIеведира Ахия:

– Нохчийн къоман ламаст ду: нагахь санна цара бIаьргашна гина а воцуш, дагца доттага хьаржинехь, цуьнан доьналлин лаккхара мах хадош, уггаре а деза совгIат до цара. Фатикаца хьайн дахаран некъ дIакхехьа сатийсинера ахь. Кутас иза хьуна йала а йина. ХIинца иза хьан йу! – Ахияс доггах маракъевлира шен доттагIа…

Мушнис Фатика йалийна той кхаа буса даздеш дара. Кхин а масех дийнахь доттагIий болчохь хан а йаьккхина, сван шен нускал а эцна Кавказан дукъа тIехьхула цIа ваха новкъавелира.

– Со цкъа а текхна вер вац шуна хьалха долу декхара – Мушнис бIаьрг туьйхира кертахь гулбелалчу шен накъосташка. – Кута, ахь сан дахаран маьIна а, сан ирс а йухадерзийна. Тахана хьо бахьанехь сайн са дIадала а кийча ву со! – маракъевлира цо обарг.

Сурт диллинарг Айтек Дуг


– Ма къинхетаме хилла соьца АллахI! Цхьаьна дийнахь хIусамда Мушни а, доьналла долу нохчийн ваша Кута а вели-кх цо суна – Фатикан Iаьржачу бIаьргашкахь кхерстара ирсан алу.

Кута хIинца а дагалецамийн йийсарехь вара. ХIетахь хилларг дагатесна, цхьа шатайпа йовхо йаьржира цуьнан кийрахь. Ахияга а хьажна цо элира:

– Дер деза ас Мушнина а, Фатикина а делла дош кхочушдеш, уьш болчу хьошалгIа ваха.

– Кху деношкахь лаьмнашкахь доккха ло ду, вайшиъ Мушнинна тIе кхачалур вац. Масех де хьалха сванийн тоба дукъа тIехьахула кхуза сехьа йаьллера. Сванашна хазахета моьтту суна дарцашкахула лела. Уьш кестта шайн цIа гIур бу, цаьрга хабар дохьуьйтур ду вай, хьо со волчохь Мушнига хьоьжуш ву аьлла – жоп делира Ахияс.

Сванетера Ратиани Мушни

Иттех де даьллера Кута Ахия волчохь хьошалгIахь волу. Кхолламан беттан чаккхе йара иза. ГIурано лаьцнера латта. Цу дийнахь Ахия шен хьаша а цхьаьна жимма волавала араваьллера. Накъостий гIаш Абайн бIов йолчу агIор бахара, шайна тIаьхьа говраш а йуьгуш. Арахь цхьа йекъа шело йара, маьлхан зIаьнаршлахь дато бос бетташ лепара диллина доккха ло. Черекна а гайтинера гIурано шен ницкъ. Ахканан шина а йистехь ша бинера. Ткъа Кавказан ламанийн баххьаш стигланан сийналлехь шайн къоьжа кортош а лепош лаьттара. Маржа-йаI! Ма баккхийчу хиламийн теш хилла лаьтта уьш кхузахь эзар шерийн йохаллехь. Ткъа тахана цара къобалдо Кавказан обаргийн вежаралла, цара шайн Даймехкан маршонах дог ца дуьллуш арабаьккхина болу и чолхе некъ.

– Кхайкха везаш ца хиллера вайшиммо Мушни, де дийне мел долу а чIагIйала мегаш йу шело, цундела тамаша бу и вайна тIекхачахь – элира доккхачу дукъе а хьоьжуш Кутас.

– Са ма гатде, Кута. Ломан буьххье вала гIерташ ма ваций иза а. Сванашна ламанан хIора тача девза. Суна-м наггахь моьтту и къам Дала кху дуьнен чохь мел болу лам талла кхоьллина ду – велавелира Ахия.

Лаьмнийн когашкахь шайн аьрха дой а совцийна геналле бIаьрг туьйхира цара. КIотар керайуккъехь санна гуш йара. Саьккалшчуьра пешнийн биргIанашкара нийса хьалаоьхучу кIарах кхета мегар дара арахь жимма а мох ца хилар. Iаьнан де цIена а, хаза а дара, цуьнан хIаваах дог Iаьбна ши бере воккхавера шаьшиннан садаIарах.

Iаьнан доца де сиха чекхделира. МаьркIажа ламаз а дина, КъорIан деша охьахиъначу Кутина хезира нехан аьзнаш. Ша долийна айат чекх а даьккхина, КъорIан тархи тIе охьа а диллина, иза хIун ду хьажа аравелира. Кертахь лаьтташ масех стаг вара, ткъа диллинчу кевнашкара гуш йара говрашца йоьжна салазаш. Ахияс цхьаьнга чукхойкхура, амма иза шен салазца сиха дIавахара. Шен цIийнан неIсагIехь лаьтта Кута а гина, Ахияс мохь туьйхира:

– ТIеэца хьайн сванаш!

Iаьнан буьйсанан шело а йахьаш, хьешашца цхьаьна чоьхьавелира Ахийа.

– Ассаламу Iалайкум! Дика мел дерш догIийла кху хIусаме! – месала куй охьабоккхушшехь Мушни вевзира Кутина.

– Ва Iалайкум ассалам, – дегайовхонца жоп делира цунна Кутас. ДоттагIий марабеттабелира.

Сване леррина хьаьжна, Кутас хаьттира:

– Хьо тойне ваха араваьлла-м вац, шаьлта а оьллина, чоа а доьхна?

– Вац! Соьгахь кхин а топ а йу. Со тойне ваха араваьлла вац, со тIом бан араваьлла ву. Кутас ловзарга суо кхойкхур воций хаьа суна – забар йира эла Ратианис. ТIакхха цо нохчочунна бовзийтира шеца баьхкина накъостий:

– Кута, хIара Хергиани Дато ву – сан бераллера тешаме доттагIа. ХIара ца хиллехь со кхуза тахана кхочур а вацара – элира Мушнис, зоьртала дегIехь, куц долу ламанхо Кутина тIе а валош.

Дато леррина хьоьжура шена дуьххьара гуш волчу Кавказехь цIейаххана волчу нохчийн обарге:

– Суна дукха хезна хьоьх лаьцна дуьйцуш. Фатикас хьоьга доккха салам-маршалла а ло бахара, хьо вихкина а Сванети дIакхачаве а бахара цо – элира гуьржичо Кутига куьйг а луш.

Хьеший йоккха чоь дIалаьцна охьахевшира. Пенна хьалха лаьттачу пешахь, цIарул цIен суйнаш дIасхьа а кхуьссуш самукъне лелхара дечиг. Беха некъ бина гIелбеллачу хьешийн догIмаш мерзачу кхачано а, хIусамера йовхоно а малдинера. ХIусамда вистхилира:

– Кута, вайн хьеший гIелбелла. Хетарехь, вай тховса садаIа деза, ткъа кхана паргIат вайн гIуллакх дийцаре дийр ду вай.

– ХIан-хIан! Оццул гIелвелла а вац со, Кутас со хIунда кхайкхина хIинццехь ла ца доггIал – элира Мушнис, лерина шен нохчо доттагIчун бIаьра а хьоьжуш. Цуьнца реза хилла корта лестош вара Хергиани Дато а.

– ТIаккха-м, хетарехь вайн суьйре дикка йахлур йу аьлла хета суна – велакъежира Ахия.

НеIсагIехь лаьттачу шен вешин кIанте а хьаьжна, хIусамдас элира:

– Цундела чай даима а довха а хила деза!

Буьйсанан тийналла хьаьрчира хIусамах. Массо а Куте ладогIа кийча вара. Нохчийн обарга дийца долийра ша хIун гIуллакх эцна араваьлла ву:

– Ши кIира хьалха цхьа нохчо волчохь со хьошалгIахь волчу хенахь, суна хиира Геловани Илико гуьржийн эла волчохь закъалтана лаьцна нохчийн жима кIант хилар. Иза Нохчийчу цIа а вигна, шен волчарга дIавала веза ас. Амма цкъа суна хаьа деза и кIант дийна ву йа вац, боккъалла а и эла волчохь ву и кIант йа вац – Кута сатийсамца хьоьжура Сванетера шен накъосташка.

– Тхуна хаьа цунах лаьцна – гIайгIане шен доттагIчуьнга Датога хьаьжира Мушни. – Масех бутт хьалха, нохчийн цхьаьна совдегара дукха ахча дара цу кIантах луш, амма къена эла ша аьлачунна тIера вер волуш вац – элира Мушнис, геналле бIаьрг бетташ.

– КIант иэцалур вац. Иликонна ахчанан мах ца хета дукха хан йу – къамелана тIевирзира Хергиани. – Суна хетарехь и хаттар ДадешкеланигIара къастор дара. Ма-дарра аьлча, цара дакъазадаьккхина а дара ГелованигIеран тайпа. Цхьаьна хенахь Дадешкилиани Тенгиза цхьа чIогIа доккха гIуллакх дина хилла боху Геловани Иликонна, цундела иза цунна хьалха декхарийлахь ву. Ша Тенгиз хIинца вац, амма цуьнан кIантана Татарханна хууш ду ша дерриге а. Нагахь санна хьан цу ДадешкелианигIарна тIекхача аьтто балахь, ахь хIумма а хала ца воккхуш, кIелхьаравоккхур вара и кIант – хехар дира Кутина Датос.

– ДадешкелианигIар болчохь кест-кеста хьошалгIахь хуьлу кхарачойн эла Крымшамхалов – элира Мушнис.

– Крымшамхалов Ислам суна дика вевза! Тхойшиъ доттагIалла лелош а ву – хазахийтира Кутина. ХIинцалц вистхилар доцуш хиллачу хIусамдас элира, Кутина сатийсам бохош:

– Схьахетарехь, Илико Геловани кIоршаме стаг а ву, ша аьллачунна тIера вер волуш а вац. Нагахь санна цо ДадешкелианигIеран дехара а жоп ца луш дитахь, тIаккха хIун дийр ду вай? Цу тIехь ойла йан йеза вай!

– ТIаккха вай нуьцкъала цуьнан хIусаме чу а девлла, кIант Куте дIалур ву-кх – дIахьедира Мушнис.

Ах буьйса йаьллера. Пешахь лелхачу дечиган тата бен ца хезаш, йуха а тийналла йоьссира.

– Со бахьанехь цхьаьна а стагаца шу девне ас довлуьйтур дац. Суна хаьа сванийн йукъараллехь чIир боху дош муха маьIна йолуш ду. Суна шуьгара оьшург гIо бен дац, ас цIий Iанаде ца боху шуьга. КIентан да а вийна элас шен цхьаъ бен воцучу кIантах чIир эцна. – Алу хилла догура Кутин бIаьргаш. Нохчийн зудчун дахар гIеметтахIоьттинчу шина къонахчун дахаран меха ду – элира Кутас, къона нохчийн зуда йалар дагчуьра ца долуш…

Кавказехь цу деношкахь кхин а чIогIа шелйелира. Цу хьолехь шен хьеший новкъа ца бовлийтира Ахияс. Цундела цара кхин а масех де даьккхира Балкхарехь. Накъостийн барт хилира бIаьста, жимма а некъаш аттачу девлча, Кута кхарарчойн элаца Крымшамхаловца Дадешкелиани элий болчу Сванете хьошалгIа а веана, церан гIоьнца кIант цIа верзо хьожур ву аьлла. Нагахь санна ишта а аьтто ца балахь Кутас ламанхойн тобанца Сванете а вогIий, нуьцкъала кIант схьавоккху, ткъа цуьнан накъосташа сванаша Доккхачу дукъа тIехьахула Балкхаре дехьавала гIо до цунна.

Цу тIехь барт хилла дIасакъаьстира накъостий. Мушни шен доттагIчуьнца Хергианица къоьжачу Кавказан ирхенаш рогIера йаха дIатасвелира, ткъа Кута шен накъостаца ГIебарта вахара, цигахь жимма са доIуш, хан а йаьккхина, Нохчийчу дехьавала дагахь.

Žanrid ja sildid
Vanusepiirang:
16+
Ilmumiskuupäev Litres'is:
08 juuni 2022
Objętość:
307 lk 29 illustratsiooni
ISBN:
9785005661005
Allalaadimise formaat:
epub, fb2, fb3, ios.epub, mobi, pdf, txt, zip