Tasuta

Кхолламан цхьа де

Tekst
Märgi loetuks
Šrift:Väiksem АаSuurem Aa

– Мохьмад, хІара кІант а валош со хьуна тІеваран бахьана дийца лаьа суна, – долийра Іалхас, ша цуьнан могашалла хаьттина ваьлча. – Ас хьехар дала воккха ву хьо, цундела хьуна соьгара хьехар ца оьшу, ткъа гІо оьшу. Тхо санна, махках ваьккхина хьо, амма хьайн йиша-вешех, йуьртахойх къастаро хІара бала тхуначул базбина хьуна. Іожалла вайна тІаьхьа хІоьттина лела. Сахьт дац валаран. Цунна а ца кхоьру хьо. Цунах кхера а воккха ву хьо. Кхузахь Іуьллучу хьайн а, хьайн хІусамненан а ойла кІезиг йо ахь. ХІара дуьне иштта декъаза дуучул, нахана бала а хилла дехачул, делла дІадовлар гІоле ма йу, боху хьан даго. Амма хьан дагна бала бинарг, хьан садуург, хьуна хьайн цамгар а, гуонаха хьийза Іожалла а йицйинарг кхин ду. Ахь ойла йо делла шаьшшиъ кху чуьра арадоккху долчу дийнан. Тезет хІотто йуьртахой а бац, кадам дІаэца гергарниг а вац, тІаьххьарчу новкъа ваккха нийсарой а бац. Шаьш делча, лийчо, марчо хьарчо, сагІа даккха, мел кхайкхо стаг хир вац-кх, боху хьан даго. Цул а дазделла хьуна шайл тІаьхьа кІант висар. Цуьнан дола дан стаг цависар. Бакъ дуй и, Мохьмад?

Ши бІаьрг хьаббина, ладоьгІуш Іачу Мохьмада меллаша кхузза корта таІийра:

– Бакъду иза, Іалха. Сан дагахь дерг цІенна схьадийци ахь.

– Амма оцу агІор ахь сагатдан ца оьшу, Мохьмад. Сингаттамо йолчу тІе а чІагІйо цамгар, Іожалла гергауьйзу. Хьан сапаргІат мел хили дегІа тІера цамгар сиха дІаайбалур йу. Генахь бисина хьоме Даймох, байлахь дисина дай-нанойн кешнаш йукъа а лоцуш, дуй биъна, ас дош ло хьуна, нагахь, цхьа Делан болх хилла, сайл хьалха хьан а, хІусамненан а Іожалла хилахь, сайн да-нана санна, лоруш, царна тІехь айса дендерг шуьшинна тІехь деш, шуьшиъ дІадолла а, шен нахана тІекхаччалц, хІокху лаьттачу шун кІентан сайн кІентан, вешин ас дендолу дола дан а. Нагахь ас хІара сайн дуй къарбахь, хьуна деллачу дашах со вохахь, Дала хьуна дуьхьал йуьхьІаьржа а валавойла со!

Делкъанна йуург йохьуш чуйеанчу лорйишас йукъахдаьккхира Іалхин къамел.

– Гой хьуна, жима стаг, дада дика Іаш ву. – Мусан белшах куьг туьйхира цо. – Ткъа хьо воьхна хьийзара. ХІинца арадовлар доьху шуьга, накъостий. Цомгашчунна дика дац дукха лер. XIoкхо хІума кхалла а йеза.

Іалха хьалагІеттира.

– Амма шуьшинна хІума хила йиш йац, Мохьмад. Шуьшиъ, Дала мукъалахь, толур ду. Схьало хьайн куьг. Меттахъхьен пурба дац хьуна, – Мохьмадан куьг схьа а лаьцна, тIe охьа а таьІна, цуьнан некхах шен накха туьйхира Іалхас – Марша Іойла хьо! Вайн везачу Дала маршалла дойла хьуна! Варийлахь, цхьана а хІуманна са ма гатделахь. Дала диканна цхьаьнатухийла вай.

Цаьршинга хьоьжуш хІоьттина лаьттачу Мусана гира ден балдаш дегалуш, дазделла бІаьрнегІарш тохалуш, царна йуккъера схьа Іовдаделла бІаьрхин тІадамаш, хебаршка ихначу мокхачу беснешна тІехула меллаша шершаш кІайчу можа йукъа а доьлла, довш.

VI

Тахана дог декхаделла, дегІ дайделла райисполкоман председателан кабинета чуьра арайелира Анастасия Федоровна.

Исполкоман председатело Турсунбековс цуьнга бешийтина спецпереселенцашна гІодаран хьокъехь болу правительствон сацамаш. ЦІенош-бахам вовшахтоха ахча а, машанна даьхний доло цхьацца бежана а лур ду царна. Цул сов, пачхьалкхо нохчашна хІор а син цІарах ло йалта а жимма алсамдаьккхина. Дукха ца леш, тІедогІучу йалташна дуьхьал гІур бац-те уьш…

Кертах дІатесна лаьтта шен говр схьайаста ойла хилла, цкъа дуьрстанан урх схьа а лаьцна, йуха а дІахийцира цо. Дерриге гІуллакхаш чекх а ца дохуш, цІа гІойла а ма дац. Комендатуре а йахана, нохчийн хьокъехь дагайала дезаш дуккха а гІуллакхаш ду Анастасия Федоровнин. Нохчашна йукъахь нисло хІинца а гІадданза наггахь стаг. Цхьаццаволчун аьтто хилла шайн долара безачу механ хІуманаш шаьш махках дохучу дийнахь кІелхьарйаха.Цхьаццаволчун доьзал жима а, кегий бераш цахиларо а аьтто бина. Иштта, гай йуьзна, дегІехь ницкъ болчу цхьамма шен зудчунна тІе зуда йалийна. Цхьана стеган ши зуда хиларх-м кху махкахь башха тамаша а ца бора. И шираллех дисина гІуллакх Іедало дукха хан йоццуш дІадаьккхина меттигерчу бахархошна йукъара. ХІинца а нисло къайллах шиъ-кхоъ зуда кхобуш узбек, киргиз. Амма уьш мацах цкъа балийнарш бу. Кху тІаьххьарчу шарахь, зудчунна тІе зуда а йалийна, уьш ший а цхьана стагехь йехаш меттиг хилла йац. ХІинца ишттаниг нохчашлахь долалуш лаьтта. Кхузткъе итт шо хенарчу воккхачу стага бухарчу зудчунна тІе йоІ-стаг йалийна. КІел хІотта тхов а, даа-мала а доцуш, вала верас воцуш йисина и йоІ а йахана цуьнга.

Ткъа воккхачу стага Іедалх лечкъадо иза ша шена йерзийна хилар. ХІара да-нана делла йисина шен гергарчу нехан йоІ йу, цундела, тІе а лаьцна, кхобуш йу, боху цо. ЙоІа а чІагІдо изза. Ткъа гІуллакх иштта цахилар Настина шера го.

Йуьртахь нохчийн маситта бер ду, ткъа царах школе лелаш йалх бен дац…

Кхин масане ду уьш! Дерриге а йуьртсоветан декхаршна чудогІуш а, Анастасия Федоровна шайца ларор йолуш а гІуллакхаш ду уьш. Амма нохчий спецпереселенцаш бу. Цаьрца доьзна кхолладелла гІуллакх – иза жима делахь а, доккха делахь а – комендатурехула къасто дезаш хуьлу. Хьалха кхузахь комендант хиллачу Чалийца дерриге а гІуллакхаш дика дІанисдора цо. ХІокхо санна, нохчех къахеташ, доглозуш, церан гІуллакхна шен са дІаделла, болх бора Чалийс. Амма иза цхьа бутт хьалха, кхузара дІа а ваьккхина, кхечахьа балха вахийтина. Ткъа мила, муха стаг ву-те керла комендант?

Цхьа хІума-м йаздеш стоьла тІе йуьхьар а вахана хиъна Іачу коменданто, маршалла а хоттуш, Анастасия Федоровна чоьхьайаьлча, шен балхах йукъах ца волуш, цунна неІарехь гІант гайтира.

– Хьайн гІуллакх схьадийца ахь, гражданочка, нохчаша йа къоладина, йа йиттина хьуна?

Анастасия Федоровна цецйелира.

– Суна-м иза а, йа важа а ца дина нохчаша. Со Покровкехь йуьртстоветан председатель йу. Хьуна ма хаъара, цигахь бехаш нохчий бу. Церан хьашт-дезарех лаьцна хьоьца къамел дан йеанеpa co.

– ХІаъа, суна йуьйцу хезна хьо. Васильева Анастасия Федоровна. Девзаш хир ду вайша. Сан фамили Кривошеев йу. Иван Харитонович. Сол хьалха хиллачу коменданто Чалийс а, ахь а нохчий, шайн тІома кІел боьхкина, кхаьбна бохуш, дийцина соьга. Йоккха гуманизм йу иза-м. Схьадийцал. Со ладугІуш ву.

Анастасия Федоровнас цхьаъ ца дуьтуш дІадийцира нохчашкара хала хьал, оцу халачу хьоло уьш зуламашна тІететтар, комендатуро жимма а шен гІо лаьцча, нохчашка и цхьадолу зуламе гІуллакхаш ца леладайта а, цаьрга хІоьттина хала хьал жимма аттачу даккха таронаш хилар а. Ша и дуьйцуш, аз дегадора, легашка шад хІуьттура Анастасия Федоровнин. ТІулг белхабалла инзаре ирча дара цо дуьйцург. Амма Кривошеевн йеакІов йуьхьа тІexь цхьа а тайпа хийцам ца хаалора. Оцу чохь цхьа а адам доцуш санна, шеквоцуш ла а доьгІуш, шен болх бора цо.

– Дийцина йелин хьо? – хаьттира цо, Анастасия Федоровна къамел дечуьра сецча. – Оцу къеначу стеган бухарчу зудчо арз диний хьоьга, шена тІе зуда йалийна аьлла?

– Ца дина.

– Къеначу стага йигначу йоІа арз диний хьоьга, ша шена ца везачу къеначу стага нуьцкъах маре йигна аьлла?

– Ца дина.

– Дай-наноша аьрзнаш дой хьоьга, шайн бераш доьшуш дац бохуш?

– Ца до.

Кривошеевс, ши куьг дІаса а тосуш, белш саттийра.

– Ткъа ахь тхоьга хІун де боху?

Анастасия Федоровна цецйелира. Иза ца тешара шена и дешнаш хазарх.

– Ой, цара муха до аьрзнаш? Аьрзнаш дан йиш йоцчу хенахь кхолладелла и гІуллакхаш. Ткъа иштта гІуллакхаш хила таронаш вай йитича, хилла девлларш мага а магийтича, царах хІун хир ду. Уьш вуьшта а бу боккхачу балехь…

– Белахь, бу-кх шайн бехкенна, – йукъахйаьккхира иза Кривошеевс. – Шаьш советски Іедална дуьхьал гІуьттучу хенахь, шаьш Гитлерна герз буйнахь гІо дечу хенахь, ойла йан йезара цара таханлерчу дийнан. Цхьа а вац царна хиллачунна бехке, уьш шаьш бу. ДІадаханчу бІешеран дохалла оьрсашна дуьхьал гІазотан тІом бинарш уьш ма бу. ХІетахь бІе эзарнаш оьрсий хІаллакбина цара. Революци хиллачу хьалхарчу дийнахь дуьйна, шаьш махках баххалц, советски Іедална дуьхьал герз буйнахь дуьхьало йина. ХІара тІом болабелча, цхьа а фронте ца воьдуш, шайн хьаннашкахь, лаьмнашкахь бандитийн гІеранаш кхоьллина, советски эскаршна букъа тІехьахула йамарт тІелетта. Доцца аьлча, кху тІаьххьарчу бІе шовзткъе итт шарахь кавказски ламанхошна а, вайн махкарчу кхечу халкъашна а йукъахь барт, доттагІалла хила ца дуьтуш, цигахь къаьмнашна йукъахь мостагІалла латтийнарш и нохчий хиллий хаьий хьуна, лоруш йолу Анастасия Федоровна?

Анастасия Федоровна йист ца хилира. ДуьххьалдІа шен легашка гІоьртинчу шадах къурд а бина сецира иза. Цунна хаац бІе шо, цхьаъ ах бІе шо хьалха хІун хилла. Ца хаьа цунна нохчий советски Іедална дуьхьал хилла ца хилла а, цара Гитлерна гІо дина йа ца дина а. Цо шен шовзткъе итт шо дерриге а Покровкехь даьккхина. Иза къинхьегамхо йу, йиъ класс бен хаарш а доцуш. Цунна дика хуург йалташ кхиор а, даьхний кхабар а, керт-ковхь гІуллакхдар а ду. Хьанна моьттура, цунах йоккхачу йуьртан куьйгалхо хир йу? Масане хир дац моьттург хилийти кху тІеман шераша. Амма цунна цхьаъ хаьа…

– Стенна бехке бу и зударий, бераш? – хаьттира цо, Кривошеевна тІе ши бІаьрг боьгІна. – Уьш а бара Гитлерна гІо деш?

– Иза вайшиннан хьекъал оьшуш гІуллакх дац, накъост Васильева. Ас цхьа хьехар дийр ду хьуна. Хьо зуда а хиларна, хьан майра а, ши кІант а фронтехь хІаллак а хиларна, хІинца хьо цхьа хиларна а, ахь нохчашна деш долу йишийла шайна ца гучуха ІадъІийна кхузахь. Амма тІех хІума дика дац. Советски Іедалан мостагІий хиларна, Даймахкана йамарт хиларна, правительствон сацамца нохчашна таІзар дина. Сталина буха куьг йаздина болу и сацам цхьаммо а дІасатетта а, бийцаре бан а оьшуш дац. Кхийтин хьо? Уьш кхуза бусто а, кхетош-кхио а ца балийна. Кхийтин хьо? Нагахь меттигерчу бахархойн, йукъараллин долаллина тІe куьг кховдадо-кх цара – тхоьга схьаала. Нагахь кхин хІуъу цхьа Іедална, меттигерчу бахархошна зуламе дерг до-кх цара – тхоьга схьаала. Оха таІзар дийр ду. Ткъа уьш шаьшлахь вовшийн карах белча а, вайн гІуллакх дац. Кхийтин хьо?

– ХІан-xIa, ца кхийти! Уьш а ду, тхо санна, адамаш. Зударий, бераш, къена нах…, – эххар а мохь белира зудчун.

 

– Делахь, хьо цІа йахча, тховса ойла йер ахь. Хьуо тахана мичахь хилла а ма дицде.

Кривошеев, кІоршаме вела а къежна, зудчуьнга арайала йезар хоуьйтуш, хьалагІеттира.

* * *

Комендантурин сени чохь лаьттара безамехь, цІена йуьхь-сибат долуш йуккъерчу дегІара шовзткъа шо хенара нохчо. Бесни тІехь а, чІениг тІехь а уьрсо хадийна цІийн хьоькхнаш йара. Схьахетарехь, Іуьйранна аравалале маж-мекх даьшнера цо. Цкъа-шозза комендантан кабинетан неІаре а вахана, ладуьйгІира цо. Чуьра схьа дов хезара. Зудчун а, стеган а.

Церан къамел дахдала доьлча, уьйтІа а ваьлла, пальтон киснара кисет схьайаьккхира цо. Томкин цигаьрка а хьарчийна, иза бага а лаьцна, цІетуханца кІожам лато вуьйлира иза. Чолакхчу аьрру пхьаьрсо новкъарло йеш, дикка къахьийгира цо кІожамах цІе ца леташ. Эххар а, цигаьрка а латийна, боккха баьккхина кІур пехашна чу а оьзна, шуьйрачу мераІуьргашкахула а, багахула a дІахийцира. Коменданто ша хІунда кхайкхина ца хууш, сагатлучу цуьнан са декъаделира.

Бешехьа а вирзина, керта тІе а тевжина, цигаьрка уьйзуш лаьтта иза, цІийнан неІ йоьллу а хезна, тІехьахьаьжира. БІаьргех йовлакх а хьоькхуш, оцу чуьра арайелира церан йуьртда Васильева. Иза шега хьажа кхиале, дІавирзира нохчо. Схьахетарехь, зудчунна ша кхузахь гойла ца лаьара цунна.

Оьзна йалазчу цигаьрканах кхоам хетта, цхьана метта шозза-кхузза кІур а баьккхина, кертал дехьа а кхоьссина, чувахара иза. Цхьана масех секундехь неІарехь соцунгІа а хилла, неІарх пІелгийн голаш туьйхира цо. Чуьра схьа оьгІазе аз хезча, меллаша чу а ваьлла, маршалла а делла, неІарехь ирахь сецира.

Нохчочун маршаллина дуьхьал жоп ца луш, кехаташ кегош, вехха Іийра комендант. ТІаккха шен цІен ши бІаьрг цунна тІебуьйгІира цо.

Хьалха а таьІна, гуонаш севсина цІен ши бІаьрг цуьнан дегІа тІехула а кхарстийна, цхьана йукъана нохчочун чолакхчу пхьаьрса тІехь сецира.

– Покровкера вуй хьо?

– By.

– Наибов Асвад вуй хьо?

– By.

Стоьлан гІутакх схьа а оьзна, оцу чуьра схьаэцна, нохчочуьнга дІагайтира коменданто цхьа кехат

– ХІара кехат девзий хьуна?

– Девза. Хьалха хиллачу коменданто даьккхина соьгара иза.

– Хаьа. Тхоьца болх бан тІелоцуш, ахь делла расписка ду хІара. Покровкехь а, районерчу кхечу йарташкахь бехачу нохчийн а дагахь дерг а, лелориг а тхоьга схьадийца тІелаьцна. Цул сов кхин декхар дуьллу хьуна тІe. Шаьш долчуьра оьрсех, киргизех, узбекех, кхечу къаьмнех болчу нахера Іедална дуьхьал даьлла дош, гІуллакх а тхоьга дийцар. Кхийтин хьо?

– Кхийти.

ДІакхевдина, сейфа чуьра цхьа папка схьа а эцна, куьзганаш доьхкина, оцу йукъара цхьа-ши кехат деша вуьйлира Кривошеев.

«Аьстамиров Іабдул-Іаьзам. 1877 шарахь вина. Граждански тІом болуш Советан Іедалехьа тІом бина. Нохчийчохь Советан Іедал хІоттош йуьхьанца жигара дакъалаьцна. Амма тІаьхьа контрреволюцин элементашца уьйр йолуш хилла. Хьуьжарехь дешна ву. Іаьрбийн мотт хаьа. Ша-шеца болх беш, бусалба динан Іилманан шуьйра хаарш долуш ву. 1932 шеран мартехь Нохчийчохь Советан Іедална дуьхьал хиллачу гІаттамехь дакъа ца лаьцна цо, амма оцу гІаттаман дакъалацархошца гергарлонаш, доттагІаллаш долуш хилла. 1933 шеран февралехь РСФСР-н УК-н 58-чу статьяца бехкевина, лаьцна, бархІ шо хан йаьккхина, 1941 шеран февралехь лагершкара дІахецна…»

«Эскарханов Іалха. 1916-чу шарахь вина. Йуккъера образовани. ТІом хилале хьалха эпсарийн школа чекхйаьккхина. Финнашца тІамехь а, хІокху тІамехь а жигара дакъалаьцна. Хьуьнаре, хьекъале, майра а эпсар ву. Партина а, советски Іедална а муьтІахьалла гайтина. «ЦІечу Байракхан», «ЦІечу Седанан» орденаш, масех медаль йу. Шен халкъ махках даьккхинчул тІаьхьа партина а, советски Іедална а хамталла йеш дош а, гІуллакх а ца даьлла цуьнгара. Амма цуьнан дагахь латтош къайленаш хиларан шеко йац. 1945 шеран аьхка цхьана тІамехь луьра чевнаш хилла, йеххачу хенахь госпиталехь Іиллинчул тІаьхьа, тІамехь гІуллакхдарх мукъаваьккхина…»

– Покровкехь вехаш Іабдул-Іаьзам а, Іалха а цІераш йолуш шиъ стаг вуй?

– By.

– Уьш муха нах бу?

– Хаац. Уьш ший а тхан эвлара вац. TІe, Іалха тІамера цІа веана дукха хан а йац.

Комендантан хьаьжа йуккъе шад хІоьттира.

– Уьш бовза беза хьуна. И воккха стаг молла вуй?

– Хаац суна. Йуьртахь белларш дІа-м бухку цо.

– И «хаац» боху дош дицделахь таханчул тІаьхьа. Со Чалий ца хилар а ма дицде. Оцу шина стага дІа мел олучу дашна а, дІа мел боккхучу когана а тІехь тидам латтор бу ахь. Іаьрбийн маттахь дешний ахь?

– Сан хенарчу массара санна, цхьана-шина шарахь дешна ас а.

– Молла-м вац хьо?

– Вац. Молла хила итт-пхийтта шарахь деша деза.

– ХІинца буй шун иштта лакхара дешна молланаш?

– Бац. Цхьа наггахь бен.

– Кху районехь вуй цхьа а?

– Хаац. Берриш бовза кхиъна вац со.

– Хьуна бевзарш?

– Хааршна сол дукха гена ца бевлла.

– Далла гІуллакх дой ахь?

– Дукха хан йу ца де.

– ХІунда?

– Іедало дехкарна а, со башха кІорггера бусалба цахиларна a.

Нохчочо дуьйцучух цавашара а хаац, йа реза хилла дара а хаац, комендантан балдаш раздовлуш делакъежира.

– Тахана дуьйна дІа хийцавала веза хьо. Іедалера маьрша ву хьо бусалба динца йолчу агІонна. Делаца йолу хьайн йукъаметтиг чІагІйан йеза ахь. Даррехь Далла гІуллакх а де. Хьайн бусалба динан хаарш шардан а, лакхадаха а лаьа бохуш, хІокху районерчу масех моллица гергарло а таса. Цаьрца а, кхечу цхьа масех стагаца а цхьаьнакхетча, Іедална а, Сталинна а лиэ. Массаьрца а кІеда-мерза хила. Массеран а хьайх тешам бахийта. Нохчашна гІоьнна пачхьалкхо ахча къастийна. ХІор а доьзална цхьацца бежана нисдан сацам а бу. Луш йолу продукт а жимма алсамйаьккхина. Покровкерчу нохчашна уьш дІайала хьо чІагІвина.

– Баркалла, Иван Харитонович…

– ДІабаханчу баттахь ахча деллий хьуна кхузахь?

– Ца оьшура иза-м…

Ша ахчанан ведомость кечйеш, Кривошеевна дагайеара кху чохь цхьа кІира хьалха хилла инцидент.

Покровкехь вехаш волчу къоначу стага Солтагериев Лоьмас Сталине арз йаздинера. Оцу тІехь кІанта дуьйцура нохчийн халкъ бехк боцуш махкахдаккхар а, махках дохучу дийнахь а, схьадалош новкъахь а цунна тІехь бина ницкъ а, кхузахь шаьш хьоьгу Іазап а. Кехат районера ара ца даьллера. Цхьа кІира хьалха и кІант ша волчу кхайкхира Кривошеевс.

Кривошеевна моьттура иза цхьа бІаьрла жимстаг хир ву. Амма хІара оза йуьхь йолуш, дегІана хесара йалхитта-вуьрхІитта шо хенара кІант вара. ХІокху шиннан къамел деха ца хилира.

– Солтагериев Лоьма вуй хьо?

– By.

– Оьрсийн мотт мичахь Іемина хьуна?

– ГІалахь хьехархойн техникумехь шина шарахь дешна ас.

– ХІара арз ахь йаздиний? – кхо маьІиг йеш хьарчийна кехат дІагайтира цо.

КІантана девзира иза:

– Йаздина.

– ХІара хІунда йаздина ахь?

– Оцу тІехь дуьйцу ас иза хІунда йаздина.

– Сталина, правительствос а биначу сацамашна дуьхьал ву хьо?

– Сталинна хууш дац тхан халкъана тІехь динарг!

– ХІета, цунна а ца хууш даьхна шу махках?

– Цунна ца хууш ца даьхна, цуьнга харц дерг а дийцина, иза Іеха а вина, даьхна.

Кривошеев, хьала а гІеттина, ши куьг букъа тІехьа а лаьцна, цІа чухула волавелира.

– Хьан тентак коьртехь хьекъал ду ткъа хилларш хаа а, къасто а? Шайн дайша а, вежарша а лаьмнашкахь советан Іедална дуьхьал тІом беш, фашисташна гІо деш, мичахь вара хьо?

– Бакъ дац иза! – мохь белира кІентан.

– Сацайе хьайн муцІар, фашистийн къутІа!

КІант дІатийра.

– Кхин йаздийр дуй ахь хІара тайпа арз?

– Кху районера арадолуьйтуш ца хилча, эрна ду йаздар.

– ДІакхочург хилча, йаздийр дара ахь?

– Дара.

Уллош тІехволуш, цІеххьана саца а сецна, шен ницкъ ма-кхоччу ластийна, цуьнан лерган агІох тІара туьйхира Кривошеевс. ДІакхоссавелла кІант, пен лаьцна, ирахь сецира. Цергашца къевллина балда а лаьцна, оьгІазаллех буьзна баьргаш Кривошеевна тІе а боьгІна, лаьттара иза. Цуьнан шина а мерІуьргахула цІий доладелира.

– Кхузашхула схьадалош къа а ца хьоьгуш, шайн лаьмнашкахь дайъа дезаш дара шу! Аганара бераш цхьаьна! Дуьнен чуьра шун хІу дІадаккха! Бандиташ! Фашистийн хьадалчаш! ХІара тайпа а, цхьана тайпа а кехат йаздан хьуна дагадагІахь, – кІентан мера кІел Іоьттира цо цуьнан арз, – ас набахтехь вахкор ву хьо! И хьайн фашистийн диркх цІанйай, суна гучуьра дІавала!

– Хьо ву-кх бандит а, фашист а! – мохь белира собар кхачийначу кІентан.

Шена хезначух ца тешаш, цхьана минотана акъваьлла лаьттира Кривошеев. ТІаккха, катоьхна иза шиний куьйга схьа а лаьцна, шен ницкъ ма-ббу легаш Іаьвдира. Цуьнан садукъдала доьлча, дІа а хецна, вортанна тІера схьа а лаьцна, мийра тоьхна неІ йиллина, сени чу кхоьссира…

– Солтагериев Лоьма цІе йолуш кІант вуй Покровкехь? – хаьттира цо нохчочуьнга, куьг тaІo цунна хьалха ведомость а йуьллуш.

– By.

– Къаьсттина а боккха тергам оцу кІантана тІехь латтор бу ахь. Іедална дуьхьал цо къамел дой хьожуш, ладогІа. Мацвелча, къола данза Іийр вац иза. Ишттаниг цуьнгара далахь, соьга хаам бе. Доцца аьлча, цо закон талхийна меттиг лаха.

Коменданто шега кховдийна ахча, дагар ца деш, пальтон чухуларчу кисана таІийра нохчочо.

VII

Мария Петровнас, дика йуза а йина, кара бепиган буханкин цхьацца ах а, хи чу йоьхкина помидораш а йелла, дечиг дІа а ца оьцуш цІа хьажийна ши зуда, шаьшшиннан маххьаш гІиргІазойн цхьана йоккхачу стагана сусмех3 дІа а доьхкина, цІа йогІура. Шиннен а йаххьаш йекхайелла йара хІинца. Дицделлера кІадйалар а. Моьттура, дуьненара дерриге рицкъа кара а лаьцна, шаьшшиъ цІа йогІу. Шен-м дукха ойла а ца йора Занус, иза йоккхайера кегийчу берашца йисинчу Хелипатан тахана хІара аьтто нисбаларх.

Шаьшшиъ школана гено йаьлча, Хелипат саца а йина, шегара помидораш а, сусма а цуьнга дІакховдийра Занус.

– Ахь хІун до? – цецйелира Хелипат.

– ДІаэца. ХІорш хьуна йуьту ас.

– Делхьа, оьцур йацара-кх. Хьо а ма йац, цІахь баьрчче хьаьжкІийн гали хІоттийна, Іаш!

– Со цхьаъ бен йац. ХІара бепиг суна шина-кхаа денна тоьур ду. ТІехула тІе, ас денна йоккху сайна мацалла ца йаллал хІума. Ткъа хьан цІахь кхоъ бер ду. ДІаэца, Хелипат, суна лаьа царна хІорш лойла.

Хелипатан ши бІаьрг хих буьзира. ХІан-хІа, цунна кІезиг хІума дацара иза. Цаьрца оьзна деши а, уьш а цхьацца агІор дехкича, цо, деши дІа а теттина, и дуьра помидораш а, сусмин пхи межарг а схьаоьцур бара. Шен дуьхьа а доцуш, ткъа мацалла мажделла, тишачу йургІана хьаьрчина, ша цІа йаре ладоьгІуш, шийлачу цIa чохь мацалла лечу кхаа беран дуьхьа. ХІетте а, уьш схьаэца, царна тІе куьг ца кховдадора Хелипата. Церан дуьхьа ма йахана ткъа Зану гена лаьмнашка, церан дуьхьа ма кегийна цо хІара шийла хатт.

– ДІаэца, хІумма а дац, – каратаІийра Занус цунна уьш.

Дегочу куьйгашца схьа а эцна, уьш вукхарна тІe тужуркин кисана тийсира Хелипата.

– Оцу вайн везачу Дала хьан майрачун коьрта тІера, цуьнан сина кхачо, хьо хьайн дех-ненах, йиша-вешех дІатоха, вай вешан даймахка цІа дерзо, вайн везачу Дала, Пайхамарша, эвлайааша къобалдина сагІа хуьлийтийла хьан хІорш! – бІаьргех корталий тІам хьоькхуш, халла йистхилира и. – Дала дукха йахайойла хьо! Дала ирсе йолда хьо! Кху дуьненан даьхни дерриге а ахь сайна делча санна, хазахийти-кх суна…

– Хьанала хуьлда хьуна а! Иза-м доккха хІума дацара. ХІара рицкъа вайна деллачу Далла бу хастам. Иштта къинхетаме вайша тІеэцначу оцу оьрсашна а хуьлда Дела реза! Цаьршимма xIapa дийр дуйла хиънехь, оцу керта гІур йацара со. Иэхь хетийти цара.

– Хьо-м дуьххьара йеанера, Зану. Со хІинца кхозлагІа йахана цаьрга. Кхуззе а, сан мохь дІа а ца оьцуш, кара хІума а йелла, цІа хьажийра. Иэхь хета, дера-кх. Цкъа а, шозза а ишттанехьа хІума йелча, кхозлагІа мукъане а дечиг дІаоьцур дац-те бохуш, йахара. Ас-м ишттанехьа а лур дара, ца оьшу хир ду-кх царна.

– Иэша-м, дера, иэшара царна. Цуьнан зуда ша а хуьлу хьардаш лехьош. ДуьххьалдІа вайх къахеташ лела уьш а. Кхечунна дохкийта дуьту.

Гена боццуш лома хьалаболучу урамехула схьагучувелира дуткъийчу серагийн цІов ги а тесна вогІу лекхачу дегІера вуткъа воккха стаг.

– Вий, йелла йала со дела!! – мохь белира Хелипатан, иза гича. – Боккха болх бу-кх хьо гай! Ахь дицдо-кх доллу хІума а.

–ХІун хилла? – Хелипатах ца кхеташ, дІасахьаьжира Зану.

– ХІун хилла бохург хІун ду! Велла Іуьллу Аюб вицвеллера-кх суна. Цхьа Дала ма-лоьхху Іабдул-Іаьзам а ву вогІуш.

Ши зуда воккха стаг тІекхаччалц сецира.

TIeдоьлхучу дерзо тІадийначу кетаран тІемгаш хьала а карчийна, уьш йукъах дихкинчу гатанах а доьхкина, шен когара маьхьсешна тІехула йуьйхина йоций теш йолу калош ларйан гІерташ, хатт кІезиг болу меттиг лоьхуш, керта йистошца, лаьтта бІаьра а вогІавелла, вогІура Іабдул Іаьзам.

 

***

Оцу йуьртахь пхи-йалх стагана а бен ца хаара и лекха, вуткъа хьаьрса воккха стаг а, цуьнан шийтта шо хенара хесара кІант а мичара ву, мила ву. Амма массарна а хаьара, и шиъ нохчий махках баьхначу хьалхарчу дийнахь цхьа гІуллакх хилла луларчу йуьрта вахханчуьра схьавалийна, шайн гергарчех-м хьовха, йуьртахойх а къаьстина, царах хилларг а ца хууш, кхузахь хан йоккхуш вуйла. ХІетте а, кхуза схьакхаьчначу дуьххьарлерчу дийнахь дуьйна везавелира иза массарна а.

Тахана санна, йочане, амма бІаьстенан йуьхьан де дара иза. Шовзткъе итт километр генара цІерпоштан некъа тІера стерчийн, говрийн ворданашца, эмкалийн ковраца схьабалийна ткъа доьзал йуьртан клуба чу охьахаийра. Масех доьзал цхьана вагонна чохь а болуш, инзаречу гаттехь цхьана баттахь цІерпоштан товарни вагонаш чохь шайн лаамехь доцуш биначу бехачу некъо гІелдинера адам. ХІетахь хІораммо а сатуьйсура, мичча махка, мичча хьоле кхийсина а, цкъа оцу вагонаш чуьра ара а даьхна, цІена хІаваъ чу а узуш, паргІат садаІаре. Цара сатийсина сахьт тІекхаьчнера. Амма хІинца а гуш дацара церан дегнашна маслаІат. КІадделла, гІелделла, бехделла адам. Доьлхучу берийн маьхьарий, цомгашчийн узарш. Цабевза мохк, меттигерчу къоман ца хаьа мотт, цайевза амалш. Церан хІораннен а йиша-ваша, гергарниш, йуьртахой бара. Амма мичхьа кхийсина-те уьш, хІун хилла-те царах? Маца гур бу-те уьш, йа гур а буй-те? Хаац. Хиндерг цахааро гІайгІане дожийнера адам. Ткъа оцу генарчу лаьмнашкахь царна, дуьне къайладоккхуш, тІегІертара Іаьржа, тийна, сингаттаме буьйса…

Оцу йоьхначу буса генарчу Тянь-Шанан лаьмнашкахь дуьххьара дийкира нохчийн назманан аз. Йуьхьанца ша дека доладелла иза дІаийцира йуххехь хиъна Іачу шимма-кхаамма. Цхьа-ши минот йалале, воккхачу стагана гуонах гулбелира цу чуьра берриге а божарий. ДІатийра берийн белхарш, цомгашчийн узарш а. Йиллинчу неІаршкахула ара а дуьйлуш, Іаьржачу бодашкахула генна дІакхерстира нохчийн ойланечу мукъаман аз.

ХІан-xIa, воккха стаг шен назманца Деле, пайхамаршка, эвлайаашка ца кхойкхура, халкъе кхаьчначу боккхачу бохамна цо леткъамаш а ца бора, цунна бехке болчарна неІалт а ца кхайкхадора. Ша хІетта кхоьллинчу назманца цо йийцира дайшна тІехІиттина халонаш, ца бухуш цара уьш эшор, Даймехкан, халкъан сий лардеш, маршонехьа къуьйсуш эгначу бІеннаш халкъан турпалхойх дуьйцура. Цо чІагІдора нийсонал, бакъонал харцо тола йишцахилар, шен махках халкъ къасто ницкъ дуьненахь цахилар, кхойкхура собаре хиларе…

Назма дІатийча, адам самаделира. Хезара забарш, биэларш. ТІаккха воккхачу стага, клубан жимачу сцени тІе хьала а ваьлла, догцІена вела а къежаш, адамашка хьаьжна, куьг хьалалецира.

– XIa-xIани, сан йижарий, вежарий! – адаман гІовгІа дІатийча, цхьанна а дагахь доцуш, къамел дІадолийра цо. – Мухха делахь а, Іедало, махках даьхна, схьа а далийна, тахана кхуза охьадехкина вай. СхьадогІуш новкъахь дуьйна наха цхьацца дуьйцу. Цхьаболчара – новкъара йухадерзор ду, кхечара – дІа ма кхеччи, вукхара – кхо бутт баьлча, шо даьлча йуха цІа дерзор ду бохуш, хабарш дийцира. Уьш дерриге а шуна хезна. ХІунда, стенна, мича бехкенна, мел ханна вай кхуза далийна хууш стаг вац. Шо, пхи шо, итт шо даьлча а, йуха вешан махка дерзо дагахь ца даьхна вай махках. Кхин цкъа а вайна вешан Даймохк бІаьрга ца гайта дагахь далийна. Амма иза иштта хуьлийла дац. Мацца дирзина а, вайн халкъ цІа доьрзур ду. Тхуна къеначарна, и де, и мохк ца ган а мега, амма вайн тІаьхье шен Даймахка цІа йоьрзур йу. Дийнна халкъ шен махках а даьккхина диса йиш йац. Дукхахберш шина йуьртара нах бу кху чохь, ткъа, со санна, йиша-вешех, йуьртахойх а къаьстина нисвелла масех стаг ву. Вайна ца хаьа вешан йиша-вешех, йуьртахойх хилларг. Цундела хІораннен а даг тІехь гІайгІа йу. Варийлаш, дохий ма хьийзалаш, собаре хилалаш. Йиша-вешех, йуьртахойх хилларг а хуур ду, вовшашна тІе а кхочур ду, йиша-ваша цхьанхьа а гуллур ду. Дика адамаш доцуш халкъ дац дуьненахь цхьана а махкахь. Сайн дахарехь дуккха а адамаш, дуккха а къаьмнаш девзина суна. Цхьана доьзалехь а вуон доьзалхо, цхьана халкъа йукъахь вуон адамаш а нисло. Ишттаниш кІезиг хуьлу. Амма халкъашна йукъахь вуон халкъ хуьлуш дац. Вай кху бухарчу халкъана тІедиссина хьеший ду. Хьаша оьзда хила веза. Кхузахь дехаш кхечу къаьмнийн адамаш а ду. Цаьрца тардала деза вай а. Цул сов, хІоранна а хаа деза вуочу стагехьа цхьаннен а безам ца хуьлийла. Волчу дена-нанна а ца веза вуон доьзалхо. Вай дика хилахь, вайца дика хир ду кхузара адамаш, вай вуон хилахь, вайца вуон а хир бу уьш. Цундела вай доха ца деза нохчийн гІиллакхех, къонахаллех, оьздангаллех, собарх, доьналлех.

Воккхачу стеган къамелах цхьа дош а шайна ца хезаш тІехтиларна кхоьруш санна, леррина ладоьгІура чохь болчу наха. Хезара йукъ-йукъа бер делха доьлча, и дІатедан гІерташ, нанас шабаршца и хьоьстуш йа човхош.

–ТІехула тІе, вайх хІоранна а хаа деза, вайн пачхьалкхехь массанхьа санна, кхузахь а Іедал хилар, цо бохург ваьш дан дезар а. Тахана вай схьадалош новкъахь сан къамел хилира кхузарчу колхозан председательца а, йуьртдеца а. Вайх хІор а доьзална кечйина хІусамаш йу. ГІаддайначунна гІо дийр ду, боху. Берашна деша йуьртахь ишкол йу, цомгашчуьнга хьажа лор ву. КІелвисина цомгаш верг охьавижо гена йоццуш, районехь, больница йу. Тховса вайга са а даІийтина, кхана вай вешан хІусамашка дІасадахале, йуьртан куьйгалхоша оцу дерригенах а лаьцна къамел дийр ду вайга. Уьш схьабахкале, шу кечдан лууш дуьйцу ас хІара. Іедало а, наха а шайн ницкъ кхочу гІо дийр ду вайна, амма Іедал а, адам а дика ду, тхо-м цара кхобур дара бохуш, паргІатдевлла Іен йиш йац вайн. ХІусамашка дІатарделлачул тІаьхьа, колхозан балха довла дезар ду. Варийлаш, вай вешан махка сихха цІадоьрзур ду бохучу эладитанех а теший, дийший ма Іелаш. Дала а боху, бахьанаш леладе. Къинхьегам, Іедална муьтІахь хилар, адамашца ийна, адамашна тешаме хилар – иза ву шуна вайн гІоьнча. Цул сов, хІинца а чекхбалаза тІом бу. Цигахь хІаллакьхуьлуш ду дукха адам. ТІамо адам гІелдина, къийдина. Вайн цигахь санна, массанхьа а мехкан берриге ницкъ тІамехь леташ долчу эскаршна гІоьнна хьажийна. Кхузара могаш-таза берриге а божарий тІаме а бахана, бахаман гІуллакхаш зударийн, берийн, къеначийн кочахь дисина. Уьш ца ларабо, царна хала ду. Схьадийцарехь, мацалла тІегІоьртина Іаш бу хІорш. ХІинца шуна хаа деза башха вайна гІо дан аьтто болуш кхузара Іедал а, адамаш а цахилар. Оцу зударшна, берашна, тІамехь леташ болчу бІаьхошна вайгара къинхьегаман гІо оьшу. Оцу дерригенах а кхеташ хила деза вай. Йуха а сан дехар ду шуьга нохчийн оьздангаллех, къонахаллех, гІиллакхах цадохар. Варийлаш, шайн хІусамашка дІатарделлачул тІаьхьа, колхозан балха довлалаш. Ткъа хІинца, гІеллой ца Іаш, делалой, декхалой хила! Иллеш ала, эшарш лакха! Кегийраша, мехкарша хелхаран бал баккха! Бохам, хало тІехІоьттича, вайн дай а ца цІийзина. Иза вайгахь товр дац. Дала аьтто бойла вайн!

***

Цхьана эсарчу мохо дІайаьхьча санна, дІайелира нехан дегнаш тІера гІайгІа. Цхьа кІеззиг йукъана осалдевлла церан дегнаш йуха а чІагІделира. ТІоьрмиг схьа а биллина, цу чуьра Занун кехат-пондар а, вота а схьа а эцна, цхьа йоІ а гІаттийна, сцени тІевелира Маил. Цхьа сахьт хьалха нохчийн назманан гІийла аз декначу клубехь, хІинца стеган дог-ойла гІаттош, къенаниг а къонвеш йолу нохчийн чехкачу хелхаран эшаран аз кхерстира. Тоьхначу вотано а, тІараша а йегайора клуб. Кхоссавелла сцени тІе хьалаваьлла цхьа жима стаг, байн ког шаршош, гуо а баьхьна, каде бухь

а боьгІна, шеца хелхайалар доьхуш, Зануна тІевирзира. Хьерайаьккхина вота йетташ хиъна Іачу Маиле хьаьжира Зану.Маила, эсала вела а къежна, резахилла корта таІийра. Амма ша шолгІа гуо эцна йогІуш, цунна гира майрачун кхоьлина йуьхь. Стенан ойла йо-те цо? Зануна дагайеара Маил тІаме вахале шаьш цхьаьна йаьккхина ирсе хан. Цуьнан бІаьргашна хьалха хьийзара школа, уьш бинчу йуьртара клуб, шайн хелхарийн, эшарийн кружок, даим а ша а, Маил а цхьаьна хелхадийлар, республикехь хилла хьовсарш, газета тІе даьккхина шаьшшиннан сурт. Ткъа тховса? Цабевза мохк, йоьхна йеана буьйса, хІетте а, уьш хелхабуьйлу… Самукъа даьлла-м ца лела уьш, делахь а, иштта хила деза. Занун лерехь хІинца а декара воккхачу стеган дешнаш: «ЦІийзар вайгахь товр дац! Нохчийн къонахаллех, оьздангаллех, доьналлех ца духур вай!» Йуха гуо бохьуш йогІуш дІахьаьжначу Занун а, Маилан а хьажар тІеттІанисделира. Маилна гира чу хиш диссина кхохкийна шен къоначу зудчун ши бІаьрг. Иза кхийтира шен гІалатах. Охьа а таьІна, цІенкъа ши бІаьрг боьгІна, гал когаш шершош Зану шена дуьхьал йолайелча, вота чехка а йаьккхина, мохь туьйхира цо:

3Сусма – йакъийна нехча