Tasuta

Кхолламан цхьа де

Tekst
Märgi loetuks
Šrift:Väiksem АаSuurem Aa

Сийсара а цхьана маьІІаргонна арахь вуьсура и шиъ. Цхьадика, йурта йуккъерчу пхьалгІин неІаре нисвелла и шиъ пхьеро ша волчу чохь витира буьйса йаккха.

Ткъа тховса? Хаац, тховса мичахь Іер, хІун йуур а. Цаьршимма некъана кечбина мекхан цу а тахана тІаьххьара чекхбаьлла. Кхин йохка а, хийца а хІума йац. Таьлсаш-м ду. Амма, хьанна оьшу уьш?

Лаха чуьра хьала узбекийн иллин мукъам хезара. Герга мел гІоьрти, Мансурна озах хиира иза кегийрех стаг вуйла. Иштта дан а дара иза. Некъо голатуххучохь цунна тІеІоттавелира вира тІехь вогІу цул воккхо узбекийн кІант. ТІейуьйхина кІайн-сийна моханаш йолуш халат, йукъах дихкина цІен йовлакх, четахь книгаш. Новкъара нацкъар а ца волуш Іачу Мансурах бІаьрг кхетча, кІентан илли цІеххьана хедира, ткъа тІекхаьчча вир а, корта сандар9 а баьккхина, сецира.

– XIapa xIун йурт йу? – хаьттира Мансура.

– Янги-Курган.

– Ткъа Караташ район гена йуй?

– ДІогахь, лаьмнашкахь, – хьала пІелг хьажийра кІанта.

Изза олура селхана дуьйна дІа мел хаьттинчо. Мархашна а, дахкарна а йукъахьаьрчина го и Іаьржа лаьмнаш генахь а дац, сарале шаьшшиъ царна тІе хьала вер ву моьттура Мансурна селхана. Ткъа уьш, тІе мел гІоьрти дІахуьлуш санна, хІинца а генахь дара.

– Маса километр некъ бу цига?

– Ткъе итт-шовзткъа.

«Кхин некъахьовзам боцуш дІагІойла хилахь а, шина дийна некъ бу-кх, – ойла йора Мансура, кІентан четарчу книгашка а хьоьжуш. – Схьахетарехь, школера вогІуш ву хІара. Милици йуй-те кхузахь аьлла, хаьттича, хІун дара-те…? ХІан-xІa. Цецвер ву тІаккха».

– Район йу кху йуьртахь?

– Муха – район? – ца кхийтира кІант.

– Масала, районан берриге хьаькамаш болуш хуьлуш йолу йурт йуй xIapa?

– ХІаъ, йу.

«ХІета, милици а йу-кх кхузахь. ТІекхаьч-кхаьччачо ша-ша бен ца лоцу моьттуш, йуьртара аравалале, иттаза лоцур ву».

– Доьшуш хир ву хьо?

– By.

– МасалгІачу классехь?

– ИссалгІачу.

«Тхо махках ца даьхнехь, со а хир вара Михайловскехь хьехархойн техникумехь доьшуш…»

– Тахана хІун терахь ду? – тІаьххьара а хаттар дира Мансура.

– Ткъе кхоалгІа февраль.

– Баркалла хьуна, дIaгlo…, – йуьстах ваьлла, кІантана некъ битира Мансура. Ткъа кІанта шен вир, шина а чоьже кІажаш а таІийна, хьалха човхийра. Кегийчу гІулчашца чабол эцна вир бердашна йуккъехь къайлайелира.

«Ткъе кхоалгІа февраль… Тахана нийсса шо кхочу-кх тхо махках даьхна. Шо кхечи-кх, гойтуш бехк боцуш, йинарг кхиэл йоцуш, махках даьхна, тхо сийсаздеш. Ткъа оха, Іовдалчу бераша, сатийсира ворхІ класс чекх а йаьккхина, деша даха. Ас а, Решеда а сацамбинера, хьехархойн техникум чекх а йаьккхина, школехь болх бан… ХІун хилла-те цушиннах? Дийна вуй-те? Йа, со санна, ги ларча а тоьхна, цхьанхьашха волавелла лела-те?…»

Гуонаха керт йоцуш тесна лаьттачу цхьана бешарчу лекхачу акхтарга кІел садаІа охьахиира и шиъ. Наггахь стаг а тІех ца волура цаьршинга мичара вогІу, стенга воьду ца хоттуш. Оцу цхьана шаро массо хІуманах а тешамза баьхна, сема, ларлуш хила Іамийнера нохчий. Цундела, шимма-кхаамма шайга и хеттарш дича, сорсаваьлла10, и шиъ сихха цигара дІавелира. Мансурна ца лаьара районан центрана йуккъехула чекхвала. Карахь документаш долушшехь а, сецош, новкъахьовзам бора цаьршинна. Цундела, йуьстаха пебетташ, йуьртан дехьа маьІІе а ваьлла, жимочу хин лекхачу тогІина тиллинчу тІай кІел сецира и шиъ. Кхин дІагІертийла дацара. Цкъа-делахь, хІуъу таро йина а, жимма мацалла йуха ца йерзийча ца йолура, шолгІа-делахь, суьйре герга-гІертара, охьавижа меттиг тарйан а дезара.

И шиъ хиъна Іаччохь лаьттах бухдолуш шийла шиъ шовда дара. Мата, ламаз а дина, кара суьлхьанаш а лаьцна, ойланашка ваьлла дІатийра. Вист ца хуьлура Мансур а. Цаьршимма кІелхьарвала некъ лоьхура. Мансур шен ойланех йукъахваьккхира, чучча пхьаьрсаш даьхна, деана, цаьршинна тІехула тІай техь сецначу оьрсийн къоначу зудчо а, стага а. Вовшашца забарш йеш, доьлуш деана и шиъ, кхушиннах бІаьрг ма-кхийтти забарш, беларш дитина, лохха къамел деш сецира. Иттех минотехь цигахь хІоьттина а лаьттина, цаьршинна тІедеара и шиъ.

– Суьйре дика хуьлда шун! – голаш тIe лахвелира йоьІан накъост. –Шуьшиъ хІун деш ву кхузахь?

– СадоІуш, – дегаза жоп делира Мансура.

– Кхузахь садаІа мегар дац. Ца го хьуна тІуно, – лаьттах пІелг Іоьттира къоначу стага. – Кхузахь генайоццуш чайхана ма йу. Ткъех метр дехьахь. Цигахь хаза довхачу цІа чохь садоІийла а, довхха чай молийла а ду.

– Ахча дац тхан…

Стаг а, йоІ а вовшашка хьаьжира. Мансурна гира стеган йуьхь кхоьлаш. Цхьана йукъана вист ца хуьлуш а Іийна, тІаккха и шиъ мичара вогІу а, стенга воьду а аьлла, хаьттира цо. Кхин дІа цуьнан хеттарш совцийра Матина цІеххьана йаьхкинчу йовхарша. Адамашна ша жерга хетийла хуучу Матас шена боккха ницкъ бора, уьш а, шат а кийрахь сецо гІерташ. Амма эххар а, ницкъ а эшийна, хецайеллачу цара цуьнан йуьхьа тІера массо пха сенбира. Мансура хьалхалаьцначу гІутакх чу шат тесира цо.

– Ой, воккха стаг цомгаш ма ву! – мохь белира стеган. – Пехашца цамгар йу-кх цунна.

– Хьажийтал гІутакх, – Мансуран керарчу гІутакх тІе куьг кховдийра цо. Амма Мансура иза букъа тІехьа лецира:

– ХІунда? ХІара боьха ду…

– ХІумма а дац, хьажийта!

Нуьцкъах ала мегар долуш Мансурера гІутакх схьа а даьккхина, шен бІаьргех куьзганаш доьхкина, леррина гІутакх чу а хьаьжна, цу чохь дерг шена ца гича, цу чуьра шат кехата тІе a йоьттина, чІешалгаца кегийра цо.

– Хьажахьа, Галя, суна дика са ца го.

ЙоІ, цунна улло охьа а лахйелла, шате хьаьжира.

– ХІаъ, пехашца цамгар йу. Дукха хан а йац кхетта. Хьажийтал хьайн матте. Иштта, бага а гІаттайай, мотт арабаккхал. Кхуьнгахь дика хьал дац, Вася. Схьагайтал хьайн куьг. Пульс дукха вуон а йац. Дагар ду-кх. Больнице охьавилла вигча, муха хир дара-те?

ЙоьІан накъост Мансурна тІевирзира.

– Воккха стаг кхерамечу хьолехь ву. Пехех цамгар кхетта цунна. Тхойша лор ду. Больнице охьавижа веза хІара. Цхьана баттахь Іиллича, толур ву хьан папаша. Вало.

– Цо хІун боху? – хаьттира Матас.

Мансура дерриге а дІадийцира.

– ХІан-xIa, гІуллакх хир дац цунах. Суна а хаьа сайна пехашца цамгар йуйла а, иза вуон цамгар йуйла а. Вайшинна йеллачу бакъонна тІейазйинарг итт де хан йу. Цунах бархІ де дІадели, ши де бен хан ца йисина.

– ХІун боху папашас? – хаьттира йоІа.

– ГІуллакх хир дац. Тхойшиннан бакъо йац кхузахь саца.

– ХІунда?

– Тхойша нохчо ву. И ду дерриге а галдаьлларг.

Къона стаг велавелира.

– Шу нохчий хилар тхойшинна бІаьрг ма-кхийтти хиира. Вало ший а. Караташ гена йац кхузара дІа. Ткъе итт километр йелахь кхин йац. Хьо дІагІур ву, папаша кхузахь вуьсур ву. Цхьа бутт баьлча, хьо йухавеача, хІара товелла карор ву хьуна. ТІаккха цхьаьний дІагІор шуьшиъ.

– ЭхІе, дІаваьллахь! Тхойшиъ иштта ловзуш хьан лоьлуьйту хьуна! – гІайгІане велавелира Мансур.

– ХІинцца больнице охьавижина, сихха дарбанаш ца леладахь, цамгар генайер йу, – йукъагІоьртира йоІ.

Мансура ойла йира. Дех дага а велира.

– ХІан-xIa, гІуллакх хир дац цунах. Воккхачу стагана хаьа шен цамгар кхераме йуйла. Кхузахь сацахь, ши де дІа ма-деллина ца воллахь а, товелла, больницера ара ма-веллинехь, чувуллур ву ша боху. ТІаккха а лийр ву набахтехь. Тхойша шина дийнахь дІакхача веза. Караташехь больнице охьавуьжур ву иза. Шен болх Делан кара буьллу ша, боху.

– Ас тІелоцу, товелча, иза чу ца воллийта. ХьалагІатта ший a, – дехар дира къоначу стага.

ХІинца Мансур велавелира.

– И хьан карахь гІуллакх дац. Баркалла шуьшинна! Шу-м тхойшинна гІо дан гІертара. Амма, шуна мел чІогІа лаарх, xІapa ши де дІадаьлча, тхойшиннах жоп далалур дац шуьшинга.

Шаьш бохург ца хуьлий хиъча, йуьстах а даьлла, дехха къийсира цаьршимма. ТІаккха йуха а тІедеара.

– Тховса мичахь Іийр ду шу? – хаьттира стага.

– Хаац. Дитахь, чайхана чохь Іийр ду, ца дитахь – кхузахь ца Іийча а девр дац.

– Вася, цаьршингахь ахча ма дац, – элира йоІа, шен накъостан лере а таьІна.

Byкxo, шен массо кисана куьг а Іоьттина, цатам хилла корта хьовзийра. ТІаккха кхушинна маслаІат деш, хаза къамел а дина, дІадахара и шиъ.

* * *

Тховса йуучунна а, буьйса йаккха меттигна а цхьа таро йан дезара. Цуьнан ойла йеш, даьсса таьлсаш, хьарчийна, пхьаьрса кІел а доьхкина, йуьрта йуккъе кхаьчча, Мансур таьлсаш эца стаг лоьхуш лелара. Эххар а, чайхана уллохь цхьана жимачу цІелаг чохь болх беш волчу мачийн пхьеро, дуккха а мах къийсинчул тІаьхьа, пхеа туьманах дІаийцира цуьнгара уьш.

Пхи туьма. ГІаймакх санна, буткъа, куьйгал боккха узбекийн ши хьокхам богІу цунах. И шиъ-м буур бара цаьршимма, тІаккха буьйса йаккхарна хІун дан деза? Кхалла хІума нисйалар а ду доккха хІума. Мансурна цамоьттинчу тайпана дика мах хили цунах. Таьлсаш а дацара вуон. ЦІеначу тIepгIaн, цІен, можий, Іаьржа а мохарш йолуш, даккхий цІена таьлсаш. ДІабели Мансуран ненан тІаьххьара безам а.

Мачийн пхьеро шега делла кегийра ахча дагардеш воллучу Мансуран белша тІе кІоршаме куьг диллира цхьамма. Хьалахьаьжначу кІантана гира шена тІe оьгІазе ши бІaьрг а боьгІна лаьтта кортахь сийна фуражка а, белшаш тІехь майоран погонаш а йолуш Іаьржачу аматахь, векъана, лекха узбек.

– Документаш! – элира цо Мансуран белш а Іовдуш.

Мансура, шен четара ден бумаьждиг схьа а йаьккхина, цу чохь шалхатоьхна Іуьллу шайн бакъо майоре дІайелира… Ткъа вукхо, тІе а ца хьожуш, иза шен киталан хьалхарчу кисана йоьллира.

 

– Кхузахь сацалахь, со араваллалц, – Мансуре омра а дина, чайхана чу вахара иза. Майоре хьоьжуш вехха арахь хІоьттина а лаьттина, иза аравериг хиларх дог а диллина, цунах хилларг хаа а, кхаллар а эца дагахь чайхана чувахана Мансур, ша чоьхьаваьлча, кхин дІагІорта озавелла неІарехь сецира. ПаргІат чай муьйлуш, кІедачу гІайбешна тІe ах дІа а тевжина, Іуьллура майор. Беркъа, тиша неІарх чоьхьаваьллачу Мансурна тІехь сецира чайхана чохь болчу нехан тидам. Цхьанхьа гуо а бина хиъна Іачу иттех стага, шайна тІе а кхайкхина, хеттарши дира цуьнга. ТІаккха массара а, кхоккха, пхиппа сом тІeкІел а тоьхна, Мансуре ахча кховдийра цара. Мансура дуьхьалойира.

– ДІаэца, дІаэца, – бохура къеначу узбеко. – СагІина лург дІа ца эцча, иэхь ду тхан нехан. Хьайн да схьавалавай, шаьшшинна йовхха хІума а йаий, кху чохь буьйса йаккха.

Ахча схьа а эцна, царна баркалла а аьлла, аравала кечвеллачу Мансурна улло хІоьттира хьалхалера майор. Цуьнца вара ткъе пхийтта-шовзткъа шо хенара цхьа узбек а. Дехьо нахаца чай молуш хиъна Іен цхьа стаг шена тІе кхайкхира майора.

– Алимжанов, схьавоьл цкъа. ДІога тІай кІел хиъна Іаш кхин а цхьа къена чечен ву хьуна. Кху кІентан да. И шиъ а, хІара стаг а – хІорш кхоъ со волчу дІа а вигий, дежурнега дІало, –Мансур а, важа узбек а хьалхатеттира майоро. – Со хье ца луш дІавогІу ала.

Мансур а, важа узбек а хьалха а ваьккхина, тІай долчухьа дІаволавелира Алимжанов.

«ХІан, хІинца дІадоладели хьуна хІара, – догдуьйхира Мансуран. – Дада тІай кІел вуйла а хиъна. Цхьамма дІааьлла-кх. Йуха а лем11, йаппарш… Дуьхьало йан цхьа жимма а ницкъ а хилла, шух летта ца велча, дош ма дацара хІара…»

Суьйре шийло йара. Цул сов, хин тогІица шийла мох хьоькхура. Голаш мере а оьзна, суьлхьанаш хьийзош хиъна Іара Мата. Уллохь даржийначу газета тІехь Іохкура цхьа буханка кІайн бепиг а, ах кийла хиллал налха а, цхьа литар догІу шиша дуьззина шура а, йакъийна кишмаш а.

Цецваьллачу Мансуран ши бІаьрг къаьрзира. Дийнна бахам бара цунна гург.

– ХІорш мичара йевлла хьуна, дада?

– И ши оьрси хІорш йохьуш йухадеара. Итт туьма ахча а делла вайшинна. Схьа ца эца гІиртира со, амма и шиъ къар ца делира. Чайхане а гІой, цигахь хІума а йааий, буьйса йаккха, бохура…

– Буьйса йаьккхина вели моьтту суна вайша, – доккха са даьккхира Мансура.

Доллучух а кхетта Мата, вевзаш воцчу шина стаге бІаьрг а тоьхна, шен Далла гІуллакх доІица дІа а дерзийна, суьлхьанаш кисана а тийсина, куьг лаьттах а гІортош, хьалагІеттира.

…Поппарх чир йуттуш йиначу лекхачу баролан гІопан готтачу неІарх чекх а ваьккхина, вигна, цхьана ширачу даккхийчу цІенойн неІарехь хІорш кхоъ а витина, чувахана Алимжанов, шеца милцо а валош сихха ара а ваьлла, хІорш цуьнга дІа а белла, дІавахара.Ткъа милцочо, дежурки чу а бигна, охьаховшийра.

Цхьадика, дукха хье ца луш схьавеара майор. Милцочо цунна сийдаларх а, ткъа вукхо цуьнга ларамаза дешнаш кхиссарх а Мансурна хиира майор кхузахь коьрта стаг хилар. Шен кабинете а ца воьдуш, кхуззахь, дежурки чохь, гІуллакх къасто вуьйлира иза. Лем кхушиннан накъостна тІера дІаболийра. Майоро хаттар дича, хьала ца гІоттуш хьевелира узбек. Амма вукхо цІогІане тоьхначу маьхьаро хьалаэккхийтина иза, Іад санна, вулавелла хІоьттира. Оцу цхьана шарахь меттигерчу къоман меттанех гІеххьачул кхеттачу Мансурна хиира и шайца валийна узбек оцу областан кхечу районера хилар а, иза шен йиша йолчу Заркенте воьдуш хилар а, цуьнгахь цхьа а тайпа документаш цахилар а. Маьттаза дешнаш йукъа а далош чехавора иза майора. Амма важа дуьхьал вист ца хуьлура. Майор цхьа хІума аьлла шена тІечевхича, шен йукъах дихкина гата дІа а даьстина, гата кара а лаьцна, ши куьг дегІаца охьа а дахийтина, малвелла дІахІоьттира узбек.

ТІаккха, хьала а гІеттина, тІекхоссавеллачу майоро цхьа къиза катоьхна некха тІера халат шен буйна а хьовзийна, дІаластийна, пенах корта а кхеташ, соне аркъал туьйхира иза. Цуьнан четара охьадуьйжира муьлххачу а узбеко даим а шеца лелош хуьлу церан къоман урс. Схьахетарехь, оцу стаге шен кисанара хІуманаш схьайаха бохуш хиллера майора. Урс гича, кхин тІе а карзахваьллачу майоро, катоьхна халат кочера схьа а лаьцна, озийна хьала а гІаттийна, шена тІе а оьзна, хьерваьлча санна, мохь а хьоькхуш, оцу мисканна бетах масазза а тІара туьйхира.

– Чуволла иза! Соьгара бакъонца бен, цхьа а тайпа рицкъа а ма ло цунна! – эххар а оьрсийн маттахь омра дира цо неІарехь лаьттачу дежурничуьнга.

Дежурни милцо йухавеача, цо шена тІекхайкхийтира цхьа лейтенант. Майоро, шен киснара схьайаьккхина МатагІеран бакъо шена хьалха стоьла тІе охьа а йиллина, йаржош нисйира.

– Мичара вогІу шуьшиъ?

– Ош областерчу Узген районера, – жоп делира Мансура.

– Стенга воьду?

– Джалал-Абад областерчу Караташ районе.

– ХІунда?

– Гергарниш болчу.

– Воккхачу стага хІун до гергарниш болчохь? Иза-х кестта лийр ву. Къена вир. ХьалагІатта! – мохь хьаькхира майоро.

Мата халла хьалаайъавелира.

– Бандиталла дукха лелийний ахь? Фрицашна мел гІодина ахь? AxIa! Цхьана куьйган пІелгаш дац! Хьан даьхна хьан уьш?

– Граждански тІом болчу хенахь…, – йукъагІоьртира Мансур.

– ХІай-xIa! Басмач хиллийца! И дІилда а йу хьан бандитачух тера!

– ХІан-хІа, воккха стаг а, цуьнан ваша а советан Іедалехьа вара. Соьлжа-гІалахь бІедийнан тІамехь чевнаш хиллера цаьршинна…

– Сацийта, зуьдан кІеза! Хьан болх ас йийр йу! Комендатуро бакъо воккхачу стагана бен ца йелла, ткъа хьо мича бакъонца лела?

«Ванах, оцу узбекна санна, тхойшинна а йетта волалахь, охашимма хІун де-те? Дуьхьало йан ницкъ бацахь а, сатохалур ма дац соьга. ТІаккха, дуьхьало йина аьлла, ший а таІІийна чувуллур ву…»

– Со а ву оццу бакъонна тІейазвина. ТІехьа агІор хьажа…

Майоро, стоьла тІе кхоьссина кхушиннан бакъонан кехат схьа а эцна, цуьнан шина а агІон тІе хьаьжира лейтенант. ТІаккха меллаша майоре вистхилира:

– Кху тІехь дерриге а нийса ду, накъост майор. Бакъо ден цІарах йелла, ткъа кІант букъа тІехьа йазвина ву.

– ХІунда сецна шуьшиъ кхузахь? – лейтенанте ла а доьгІна, йуха а мохь хьекха хІоьттира майор. – Узбекистанан территори шайна йихкиний ца хаьа шуна?

– Караташ районе боьду некъ кхузашхула чекхболуш ма бу…

– Некъ, некъ! Некъ белахь, сеца а ца соьцуш, дІагІо. Нагахь санна цхьа сахьт далале районан центрера дІа ца валахь, ас таІІийна чувуллур ву шуьшиъ. Кхетий хьо, вирбекъа? Сан бакъо йу суд йоцуш шуьшинна ткъе пхиппа шо хан тоха. Йахийта!

Матина йовхарш йаьхкира.

– Буьйса тІекхаьчча йаьлла. Сан къена да цомгаш ву. Тхойша мича гІур ву? – ах-оьгІазе, ах-дехарца хаьттира Мансура. – Тхойшиннан долахь хІинца а ши де хан йисина…

– Амма суна йуха цкъа гойла-кх шуьшиъ кхузахь. ХІокху йуьртара аравала ах сахьт хан йу шуьшинна!

Оцу дерриге а къамеле резавоцуш ладоьгІуш а, къеначу Матига доглозуш хьоьжуш а Іийна лейтенант, майор чуьра араволуш тІаьхьа а сецна, Мансуран лере таьІира:

– Шуьшиъ гена вахалур вац. Воккха стаг гІийла ву. ТІайл дехьа ваьлча, дукха генайоццуш цхьа жима чайхана йу шуна. Цигахь буьйса йаккха. Ткъа шаьшшиъ начальникна йуха гучух а ларло. Дера стаг ву шуна иза.

Мата а, Мансур а бода болале йуьртах аравала сихвелира…

XII

Кешнашкара араваьлла вогІучу Іалхина ишколна уллохула тІехволуш дагадеара ша дІабаханчу баттахь партвзнос дІайелла цахилар. И декхар тІерадалар а, суьйранна делахь а, шен хьаша Бороденко гар а хир ду аьлла, школе чувирзира иза.

Николай Кузьмич шен кабинета чохь а ца карийна, школан кертахь долчу церан цІа вахара Іалха. Арайаьллачу хІусамнанас, хІара чу ца веача, неІ тІе ца чІегІира.

– Валол чу. Таханлера де билгалдаккха накъост воцуш охьахиъна доллура тхойша.

Іалхина хІинцца дагадеара тахана 23-гІа февраль хилар.

Стоьла тІехь ангалин жимачу кхабанна чу хІоттийна хІетта ломан когашкахь маьлхан басешкахь хьаладийла доьллачу кегийчу зезагийн курс йара. Бошхепаш чохь – борщ, хи чу йоьхкина наьрсаш, копаста а. КхоалгІа гІант хІоттийна, Іалха охьахаийра цара. Буфетан неІ схьа а йиллина, оцу чуьра схьаэцна буьххье боьллина кехатан тІус болуш шиша а, кхоъ стака а деара Николай Кузьмича.

– Оха тхаьш даьккхина къаьркъа ду хІара, Іалха, – элира цо, иза стаканашна чу а дуттуш. – ХІан, дІаэца!

Николай Кузьмич цхьана ханна вист ца хуьлуш Іийра, стаки чу а хьоьжуш.

– Хьомсара накъостий! – долийра цо хьурматечу озаца. – Taхана ткъе ворхІ шо кхаьчна Советски Эскаран а, ТІеман-хІордан Флотан а. Вайн даймахкана уггар халачу шарахь кхолладеллачу Белхалойн-Ахархойн ЦІечу Эскаро турпала некъ бина оцу ткъе вархІ шарахь. Граждански тІамехь контрреволюцин, интервентийн гІеранаш хІаллакйира цо. Польски, японски, фински агрессорш этира. Йерриг Европа шен когашна кІел йоьллина, стешхачу йамартлонца вайн Даймахкана тІелетта, вайн маьрша йарташ, гІаланаш йохош, бІе эзарнаш советски адамаш хІаллакдеш, бІе эзарнаш лолле дІалоьхкуш, хьердевлла лела фашистски экха отуш, лоьллуш, шен тунгари чу дІадуьгу вайн турпалчу эскарша. Дукха хан ца йисина вай толаман де даздан. Даймехкан маршо, сий лардеш эгначу, Даймехкан маршо, сий лардеш тахана а леташ болчу советски бІаьхошна тІера, церан хьуьнаршна тІера, церан аьттонна тІера, толамна тІера хІара кад дІамер вай!

Николай Кузьмича цхьа къурд бина дассийра шен стака. Мария Петровнас, жима къурд бина, охьахІоттийра. Ткъа Іалхас шениг бете а ца даьхьира.

– Іалха, ахь хІун до?! – цецвелира наьрсах тасавелла воллу Николай Кузьмич. – Ахь хьалха-м ма молура?

– Тахана ца молу ас.

– И хІун ду? Тахана а ца мелла, хІара маца а, хьанна тІера а мала воллу хьо?

– Ма хеттахьа, Николай. Цул, соьга хІума йаийтахьа. Тахана кийра рицкъа дахана дац сан.

Мария Петровнас, йовха борщ йоьттина, бошхап хьалха хІоттийра цунна. Іалха йиъна валлалц вист ца хуьлуш Іийра Николай Кузьмич.

– Бехк ма биллахьа суна, Іалха. Суна дагара даьллера нийсса шо хьалха, 23-чу февралехь, шу махкахдахар…Aммa… Шун бохамна бехке вайшиъ санна болу советски тІемалой ма бац.

Іалха, вист ца хуьлуш, мІераца копаста кегош Іара.

– Ас хьуна дийца ма ца оьшу фронтехь вай а, вайн накъосташа а лайнарг, ловш дерг а. Фашисташа оккупаци йиначу Украинехь, Белоруссехь, Россин областашкахь а динарг.

Эххар а мІара стоьла тІе охьа а биллина, дегІ нисдина, доккха садаьккхира Іалхас.

– Иштта-м, дера, дара иза, Николай. Украинехь, Белоруссехь,

Россин малхбузе областашкахь йарташ, гІаланаш йохийна, бІe эзарнаш машаре адамаш дайъина, эзарнаш лолле дигна. Байъинарш а, белларш а денлур бац, амма йийсаре лецнарш а, лолле бигнарш а шайн даймахка цІа боьрзур бу. Украинцаша, белорусаша, оьрсаша шайн йарташ, гІаланаш, бахамаш меттахІиттор бу. Йукъахйисинчуьра дІа керла гІулч йоккхуш дІайолалур йу культура. Йазйийр йу историн керла агІонаш. ХІокху тІамехь шайн халкъаша гайтина турпала хьуьнарш гойтуш. Цара а, вайн махкарчу массо халкъаша а. ХІунда аьлча церан даймохк бу, шайн дайн лаьттах кІоргга тесна орамаш ду церан. Орам буьтуш, хадийна дитт, йуха маргІалш а тосий, денлой, заза доккхий, дІахІутту, цунна тІера даьржинчу стоьмаша кхин хьун кхиайо. Амма орамашца бух даьккхина дІакхоьссина дитт, дакъалой, дахкалой, хІаллакьхуьлу. Ткъа нохчий а, гІалгІай а, кхин масех халкъ а и орамаш бухдохуш шайн даймахках даьхна, казахийн аренашка, лаьмнашка даржийна. Уьш хІаллакьхуьлуш ду, мозий санна, мацалла, шелонна. Шайга беана бохам цалалуш а. Іожалла ца хилла дийна бисинчех хІун хир ду? Цхьа ах бІе, бІе шо даьлча, бухарчу къаьмнех дІаийна, ларйоцуш довр ду и халкъаш. Шайн къоман мотт, истори, культура, гІиллакхаш, амалш йицйина. Дуьненахь нохчийн, гІалгІайн, гІалмакхойн, балкхаройн, кхарачойн, гІирмерчу гІезалойн а халкъаш хиллийла хууш цхьа кІеззиг Іилманчаш хир бу. Оцу халкъийн цІе йоккхур йу «деллачу халкъашна» йукъахь. ТІаккха хаьий хьуна, Николай, сан халкъе беанарг мел боккха бала бу?

Николай Кузьмич, шен киснара бІаран диттах дина томкийн гІутакх схьа а даьккхина, газетах цигаьрка хьарчо вуьйлира.

–Ас-м цхьа бІе шо даьлча хиндерг дуьйцу, – йуха а къамел долийра Іалхас. – Тхо махках даьхна цхьа шо кхаьчна, амма тхо махках дохуш йа схьадалош новкъахь гинчарна, йа кхузахь дехачу халкъашний бен ца хаьа тхо махках даьхнийла, тхоьга хІоттийна Іазап а. Ткъа иза хууш болчу нахах дукхахберш теша тхуна тІехь дина таІзар нийса дина хиларх. Уьш теша, нохчаша Гитлерна гІо дина, нохчаша даймахкана йамартло, тешнабехк бина, уьш шен йерриг исторехь Россина тІелеташ, разбойникаш, цІийна сутара халкъ хилла бохуш, даржочу харц эладитанех. Царна ца хаьа нохчийн халкъо цхьа а кхечу къоман махках цхьа ге латта а дІа ца лаьцнийла а, кхечу халкъан махка тІе а бевлла, цхьана а стеган цІий ца Іанийнийла а, цхьана а халкъан маршонна дуьхьал герз ца айбинийла а. Macex бІе шарахь нохчийн халкъо шен маршонехьа къийсам латтийна паччахьан колонизаторшна дуьхьал. Ткъа нохчийн халкъо Гитлерна гІо муха до, нохчийн махка тІе фашистийн цхьана а салтичо ког биллина ца хилча?

 

Къамеле бевллачу божаршна йуург йицйеллийла хиъна, Мария Петровна чай кечдан хІоьттира. Даима шен коьртехь бала хилла лаьтта цхьа хаттар дан йукъ ца йолуш, цигаьрка уьйзуш Іара Николай Кузьмич.

– Шуна йукъахь дуккха а бандиташ хилла бохуш а дуьйцуpa…, –волавелира иза.

Амма Іалхас оьгІазе йукъахваьккхира:

– Бандиташ, йовсарш йукъахь йоцуш халкъ дийцал ахь? Украинехь, Белорусехь, Россехь кІезиг бу тахана бандиташ, дезертираш, даймахкана йамарт хилла нах? Фашисташкахьа бевлла, шайн даймахкана дуьхьал летарш? Полицайш? Ткъа Власовн эскар? ГІалгІазкхийн корпусаш? Юккъерчу Азерчу, Закавказерчу, Прибалтикерчу халкъийн легионаш? БІе эзарнаш бу уьш, фашисташкахьа, шайн халкъан даймахкан мостагІашкахьа а, бевлла, советски эскаршна духьал тІом беш, шайн къоман вежарийн цІий Іенош. Буй?

– Бу…, – корта таІийра Николай Кузьмича.

– XIapa тІом болабеллачу хьалхарчу шина шарахь шовзткъа эзар сов нохчо а, гІалгІа а вахана фронте. Царах дукхахберш – шайн лаамехь. Царах цхьа а стаг йийсаре ца вахана шайн лаамехь. Бертаза йийсаре нисбеллачу нохчех а, гІалгІайх а цхьа взвод а вовшех ца тохайелла фашисташка. ХІунда аьлча тхо цкъа а йамарт хилла дац даймахкана, халкъана, доттагІашна а, цхьанне а. Ткъа бандитех дерг аьлча, уьш бацара тхан. Цкъа а хилла а бац. Паччахьан эскарша тхан мохк дІалоцуш, дуьззинчу шина бІе шарахь царна дуьхьал тІом бина нохчийн халкъо. Оцу тІамехь ах халкъ хІаллакьхилча, уггар тоьллачуьра ах мохк шайгара дІабаьккхича, кхин дІа дуьхьало йан ницкъ ца тоьъча, паччахьан правительствоца машаре барт бина, тІом сацийра тхан дайша. Амма Нохчийчохь российски Іедал чІагІделча, паччахьан правительствос йамартлонца бохийра и барт. ТІаккха масазза а гІеттира халкъ. ХІор а гІаттам чекхболура нохчийн йарташ йагош, адам хІаллакдеш, Сибрех лоьхкуш. Йукъарчу гІаттамах догдиллина, амма паччахьан къизаллина, Іазапна, олаллина кІел севцца, лайш хилла баха ца луу нах, лаьмнашкахь, хьаннашкахь къайла а буьйлуш, цхьацца ша-ша, йа кегийрачу тобанашкахь цхьаьна а кхетий, партизански тІом бан буьйлира. Царах обаргаш олура, ткъа оьрсийн зорбанехь – абрекаш. Революци хилча, нохчийн, гІалгІайн халкъаш, цхьаъ санна, массо а стаг цуьнгахьа велира. ХІунда аьлча, большевикаша царна дош делира, бІешерашкахь цара сатийсина, шегахьа цара турпала къийсам латтийна, оцу къийсамехь бІе эзарнаш кІентий хІаллакьхилла маршо, латта а царна дала. Советан Іедалехьа тІамехь итт эзарнаш кІентий байъира, иттаннаш йарташ йагийра. Ткъа оццул хала тІамца, цІийца оха даьккхинчу Іедало а кхочуш ца дира шен дош.

Латта а ца делира, маршо а ца йелира. Колхозаш йохкуш, нехан долара бежана, сту, гота, ворданаш а дІайехира. Кулакаш бу бохуш, цхьа миска нах махках бехира. Тхан баккхий нах, Іеламнах а хІаллакбира. Тхан маьждигаш дохийра, КъорІанаш, жайнаш дагийра. Тхан дин, къоман гІиллакхаш сийсаздира.

– Иза-м массанхьа а хилира, Іалха. Шу доцчарна а…

– Хаьа суна. Кхин долу халкъаш, дуьхьало ца йеш, Іахарий санна, шайна арсаш хьоькхуьйтуш Іийра. Оха цкъа а ца лайна харцо, хийра олалла. Оха тхайн ницкъ ма-кхоччу къийсина Ежовн, Бериян чалтачашца. Цундела ца дезара тхан халкъ паччахьан Іедална а, хІинца долчунна а. ХІокху тІамехь тхан кІенташа жигара дакъалаьцна, турпала хьуьнарш гайтина. ТІом болабеллачу хьалхарчу шерашкахь пхеа нохчочунна турпалхочун цІераш техкина. Йерриг Ази, ах Европа дІа а лаьцна, цигара халкъаш лолле дерзийна, шина бІе шарахь сов Іийначу татаро-монголийн ханашка а ца къарделла тхан халкъ. Лам чу йуха а девлла, хаддаза тІемаш беш тхан дайша шина бІешарахь самалхадала ца битина уьш. Тхан махка тІехь хаддаза шовзткъа эзар тІемало а, уггар говза полководцаш а латто дезна церан. Немцой тхан махка кхаьчнехь, тхо царна къарлур дара моьтту хьуна? Цара тхан зударий сийсазбеш, нах бойъуш нохчий таьІна Іийр бара моьтту хьуна? Оха тхешан латта къахьдийр дара царна! Тхо йамарт ца хилла дела, кІилло ца хилла дела, тхуна маршо йезарна даьхна тхо махках. Йамарт болчарна, харцонаш лелочарна, къизачарна дуьхьал къийсарна, маршо, нийсо йезарна даьхна тхо махках!

ЦІа чохь цхьана йукъана тийналла хІоьттира. Иштта, цхьа дагна бала Іаьткъича бен кху тІаьххьарчу шина баттахь цигаьрка ца узуш волчу Іалхас, шена цигаьрка а хьарчийна, боккха баьккхина кІур пехашна кІорге чууьйзира. Цунна дуьхьалхІоьттира, пхи бутт хьалха ша госпиталера араваьлча, винчу лаьмнашка вахар. Грознера дІа гІаш воьдура иза. ХІетта йирзинчу чевнаша хаамаш бора некъ бан воьлча. Къаьсттина чІу бойначу настаро. Цхьаннахьа а ца гора нохчо. Аренца йарташкахь – хІетта кхуза кхалхо болийна оьрсий, лам чу воьлча – суьйлий. Дай цІера бевлча, тишделла цІенош, ков-керташ. Доьхна некъаш, тІайш. ГІийла лаьтта кешнаш. Акхадевлла лела жІаьлеш, цицигаш. Дукхахдолу цІенош, хІинца а керла дай схьакхачаза, даьсса лаьттара.

Къематде хІоьттинера Іалхин Даймахкахь.

Кхо де-буьйса даьккхира цо винчу йуьртахь. Дийнахь хьаннашка, лаьмнашка а воьдуш. Шен дай баьхначу, ша винчу, бераллехь ша левзинчу меттигашка тІаьххьара бІаьрг тоха. КхоалгІачу дийнахь тІаьххьара лаьмнашка а вахана, цхьана лекхачу орца тІе хьала а ваьлла, гондІа бІаьрг бетташ иза хиъна Іаш, цунна тІевеара герзаца кечвелла да а, ши кІант а.

Цара Іалхина дийцира тешнабехк бина нохчийн халкъ махках муха даьккхира. Уьш кхоъ оцу дийнахь цІахь вацара. Кху лаьмнашкахь жа дажош вара. Хилларг царна хиира кІира даьллачул тІаьхьа. ХІинца уьш кхоъ шайн даймахкахь лечкъаш лелара. Йуьрта баха а ца баьхьаш. Адамашна гучубовла а ца баьхьаш. Акхарой санна, адамех къехкаш.

– Таханлера дезчу денна тІера кад хІунда ца молу бохуш, соьга бехкаш доху ахь, – ойланаш дІа а лаьхкина, вистхилира Іалха. – Хьуна ца хаьа, тхан халкъ махках доккхучу дийнахь советски эпсарша а, салташа а Нохчийчохь гайтина «хьуьнарш». XIaра де даздан митинге кхойкху аьлла, тешнабехк бина, йалхитта шарера хьала берриг божарий школашка, клубашка а гулбина, царна тІе пулеметаш йерзийна, цхьана стага а дуьхьало йахь, уьш а, цІахь дисина зударий, бераш дойъур ду аьлла, шина сохьтехь оцу шийлачу Іай, дукхахберш когашІуьйра, массо адам йарташкара арадаьккхинера. Оцу Іуьйранна хиндерг ца хууш, шайн гІуллакхашна йуьртал арабуьйлу нах, зударий, бераш дайъинера. ТІе машина, ворда ца йахалучу ламанан йарташкара дерриг адамаш, цхьаццанхьа гІишлош чу а гулдеш, тІе бензин детташ, цІераш туьйсуш, дагийнера. Йуьртара арадаьхначу адамашна йукъара гІаш ца бахало къена а, цомгаш а нах, йуьстах а бохуш, автоматашца байъина. Больницешкахь цомгаш Іохку нохчий, мехий детташ байъина. Кавказера схьа оцу бехачу некъаца даьІахкаш Іохку байъинчу, беллачу нохчийн. Дийнахь-буса, цкъа-шозза эшалон сацош хилла цхьанхьа йаьссачу арахь. Нах нишка бовлийта. Эшелонна итт метр генаваьлларг вуьйш хилла. Зударийн сий до, зударшна хезаш цкъа а маьттаза дош ца аьлла оьзда нохчий, лаьтта бІаьра а богІалой, шайн гІуллакх дан охьалахлуш хилла. Зударий а, божарий а. И иэхь тІе ца лаца, ара ца бовлуш, ахкаргаш лилхина белла дукха зударий. Дийца воьлча, дукха ду уьш. Ткъа ахь оцу эскарна тІера кад мала боху! Дависарг-йаІ, Іедало шена тешнабехк беш буйла цхьа де хьалха хии делара сан халкъана! Хиънехь, тахана тхо кхузахь хир дацара. Тхан махка тІера цхьа салти а дийна аравер вацара, йа тхо дерриг цигахь делла хир дара!

Мария Петровнас чай доьттира. Пиали чохь накхаран моз a хІоттийра.

– Изза хьал ма хІоттийна миллионаш адамашка… Кулакаш бина, махках баьхна а, бехк-гуьнахь доцуш лецна а…

– ХІан-хІа, Николай, тхан халкъана тІехь санна, харцо ца лелийна цхьана а халкъана тІехь. Дуьне кхолладелчхьана. Ас йуха а боху хьоьга, кулакаш бинчийн, лецначийн, байъинчийн шайн даймохк, оцу даймахкахь доьзалш, гергарнаш бисина. Шен хан йаьккхича валаза висинарг царна тІе вухавирзина, йа воьрзур ву. Тхоьгара даймохк дІабаьккхина. Тхан халкъо эзарнаш шерашкахь кхоьллинарг хІаллакдина. Тхоьга тхешан халкъан истори, мотт, культура а йицйайта, тхан синкхетам дІабаккха, тхо иэсах даха, дуьне мел ду даржийна!

Николай Кузьмич, чай шена хьалха а оьзна, бепиган цастарна тІе моз хьакха вуьйлира.

– Иштта хир дац иза, Іалха. Харцонаш лелла вайн махкахь. Иза шеко йоцуш ду. Амма, тІом чекхбаьлча, дерриг къастийна, нисдийр ду. Шу а доьрзур ду шайн даймахка. Тахана цкъа хала а, чолхе а зама йу хІоьттинарг. Шун халкъан исторех цхьадерш хаьара суна. Аш бІешерашкахь шайн къоман маршонехьа а, тІаккха советан Іедалехьа а латтийна турпала къийсам. ХІинца тІекхоьллинчу эладитанаша тиларчу вигнера со. Ас дукха ойла йора, хІунда даьккхина и халкъ махках? Со санна, кхетар ду вайн махкара халкъаш. Шуна бехк-гуьнахь доцуш къиза таІзар динийла хиъча, цара а шуьгахьа гІо доккхуш, аз ойур ду.

Іалхас цавешаш куьг ластийра.

– Россерчу халкъийн аз дан а дац. Хилла а дац цкъа а. Даима кхоьруш, даим кхерош, лоллехь латтийна. Шайна тІехь мел йоккха харцо, къизалла латтайарх, дуьхьало йан а ца даьхьаш. Ша маьрша а доцуш, маршо йаккха гІоьртина халкъ шен цІийла а карчош… Революци хилале хьалха шина бІе шарахь паччахьан эскарша тхан йарташ йагош, тхан зударий, бераш, къена нах хІаллакбеш, тхо махках дохуш туркойн махка а, Сибрех а хьийсош, биэндоцуш хьуьйсуш Іийна Россера къаьмнаш. Шайн йоцу маршо йаккха гІертарна, шайгахь доцу доьналла цаьргахь хиларна, нохчий ца безна цхьана а къомана. Цундела, цкъа а цхьана а халкъера гІо а ца хилла нохчашна!

9Сандар баьккхина – агIор а баьккхина
10Сорсаваьлла – шекваьлла
11Лем – допрос