Tasuta

Гуржи

Tekst
Märgi loetuks
Šrift:Väiksem АаSuurem Aa

ШолгIачунна а, кхоалгIачунна а дин Гуржис изза. Дисинарш тIе ца гIирти. Шайн накъостех хьожанаш а йохуш, цIехьа доладели уьш а. ТIаккха, царна тIаьхьа а хьаьжна, цаьргара кхин кхерам бацар шена гича, соьгахьа дирзира Гуржи. Цу хенахь со ву, кхура тIера охьа а иккхина, дукха ирча гIовгIайеш. Ирх а кхийсалуш.

Цул суна хазахетта хIума хилла хир долуш дацара сайн вахарехь.

Иштта дIадоладелира Гуржин хьуьнаре гIуллакхаш а. ХIетахь-м ас ойла а ца йира цуьнан, амма хIинца го: эша а эшна дIадоьлхучу жIаьлешна тIаьхьа цагIертар – къонахалла йара Гуржин. Деган куралла йара. Шел эшнарг хьийзавар – осалалла йу, жIаьлин а, хьайбанан а, адаман а. Оцу вукхара-м ца дуьтура шайна нисделла жIаьла, дедча а, доьжча а. Ден хьийзош, хьекхадора. Цхьана орцано кIелхьара даккхалц.

5

КIотарахь синкъераме хийтир Гуржина: гобаьккхина акха Iалам дара, буьйсанашца берзалой а угIуш. Дукхахьолахь геннахь угIура уьш, ЦIен-Берда кIел. Йа Шаьлма-Iинал дехьарчу зандакъойн дукъахь. Наггахь узарш гергадогIура. Хьалха-м хьайбанийн керта гIоьрташ меттигаш хуьлура. Кертарчара герзаш а кхуьйсуш. Амма хIинца Гуржин «гIов» дукха буьрса дуьйлура. Берзалойн угIарна дуьхьал. Гергахьо борз уьгIча, хьуьн чу дIа а хьодура Гуржи. Дикка хан йаьлча, догIура. Берзалой дIа а лелхайой. Церан угIар а дIатуьйра.

Буьйсанца иштта цIенна Iуналла дора Гуржис, ткъа дийнахь бежнаш Iалашдора. Дажа лелаш долу. Царна кхин Iу ца оьшура хIинца. Куьпа уьш дахнехь а, ЦIечу-Берда кIел хьуьн чу дахнехь а.

Цхьана сарахь дара, маьркIажан бода лестинчу хенахь. Йетт а оьзна, хIетта дина жима эса цунна кIел а хецна, ша чуйоьдуш, нанас эли соьга:

– Эса жима долчу хенахь цуьнца цхьаьна йуьстахбала гIоьрташ Iедал ду цу аьттан, цуьнга хьажалахь.

Сайн цхьа ловзарийн базар йеш воллучу суна йетт бицбели. Кхано арайаьллачу нанас хаьттича бен, дага а ца беа. Ткъа йетт бацара. Баханера эса а эцна. И муьлхачу агIор бели ца хууш, хьаьдда лелара со а, нана а. Бода булуш а лаьттара. Цхьана хенахь деана хьуьн чуьра схьаиккхира Гуржи. Нанина йуххе хьаьвзина, «гIам-гIим» а дина, духа хьуьн чу хьаьди. Тхойша а тIаьххье дIахьаьди.

КIеззиг уьшал йолуш цхьа меттиг йара цу хьуьн чохь, хьайбанашна мала хи IаIийта баьккхина жима кIаг а болуш. Цига гIоьртина хилла йетт хи мала. Ткъа кхуьнца долу эса хотталахь дисина хилла. Цаьршинна тIехIиттий тхо, Гуржис дига а дигна. «ХIара гой шуна!» – бохуш санна, шен «гIам-гIим» а дина.

Нанас хотталара эса схьа а даьккхина, цIа дирзи тхо. ЧIогIа там хилла хьалхадаьлла Гуржи а долуш. Суна дов а дина, цунна дика йаахIума йелира нанас хIетахь. Нийса болх бина а хиллера.

6

Лаьмнашца, хьаннашца бехачу нехан гезарий хуьлура кхобуш – сиха деба а деба, докъар дукха а ца деза, бохуш. Iай а йажа лелара уьш хьаннашка – се бууш, ковст йууш. Тхан да а вара гезарий йоло лууш, амма царна виллина Iу везара. Ткъа и вацара кертахь. Со бен. «Хьан хенара нехан бераш жа-бажа лелош ду», – бохург а кхуссура суна. ЧIогIа тIе а ца дожош. Со а IаддаIара, вист ца хуьлуш. Гезаршка лела цалаарна дацара сан вист цахилар. Уьш йацарна дара. Амма цу гурахь – Гуржица кIотара со вахначу гурахь – цхьа колл-гезарий йалош веара да. Йукъахь кхаба, бохура, лург эцна, бохура, вицвелла со. Цуьнан бала хIетахь сайн хила а ца хилла дела. Ткъа гезарий йалайар вон ца хийтира суна. Суначул дукха хаза Гуржина а хийтира: жа йукъахь дина а, жаца кхиъна а долуш, жен жIаьла дара и.